Сурат 52 АтӀ-тӀýр (Лам), аят 29 – 49

  1. فَذَكِّرْ فَمَا أَنْتَ بِنِعْمَتِ رَبِّكَ بِكَاهِنٍ وَلَا مَجْنُونٍ

    /Керстанашна/ кхерам тасарна тӀехь дāим латта! Хьан Делан ниӀматаца хьо вац бозбуунча а‚ жинийх верг а

    52:29
  2. أَمْ يَقُولُونَ شَاعِرٌ نَتَرَبَّصُ بِهِ رَيْبَ الْمَنُونِ

    Я цара олу: 'Илланча ву. Хьовсар вай замано дӀалистар ву иза'

    52:30
  3. قُلْ تَرَبَّصُوا فَإِنِّي مَعَكُمْ مِنَ الْمُتَرَبِّصِينَ

    Ахь āла: 'Хьовса шу. Со а шуьца цхьана хьовсачарах ву'

    52:31
  4. أَمْ تَأْمُرُهُمْ أَحْلَامُهُمْ بِهَٰذَا ۚ أَمْ هُمْ قَوْمٌ طَاغُونَ

    Я церан набаран гӀенаша хьоьхуш ду-те и царна‚ я иза дозанах даьлла къам ду-те?

    52:32
  5. أَمْ يَقُولُونَ تَقَوَّلَهُ ۚ بَلْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Я цара олу: 'Цо кхоьллина иза?' ХӀаъ‚ уьш ца теша-кх

    52:33
  6. فَلْيَأْتُوا بِحَدِيثٍ مِثْلِهِ إِنْ كَانُوا صَادِقِينَ

    Цунах тера дийцар дахьийла цара, шаьш бакълуьйш белахь!

    52:34
  7. أَمْ خُلِقُوا مِنْ غَيْرِ شَيْءٍ أَمْ هُمُ الْخَالِقُونَ

    Я уьш хӀумма йоцчу хӀуманах кхоьллина бу‚ я уьш шаьш бу кхуллурш?

    52:35
  8. أَمْ خَلَقُوا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ ۚ بَلْ لَا يُوقِنُونَ

    Я цара кхоьллина стигланаш а‚ латта а? ХӀаъ‚ баккъалла а, чг тешаш бац уьш

    52:36
  9. أَمْ عِنْدَهُمْ خَزَائِنُ رَبِّكَ أَمْ هُمُ الْمُصَيْطِرُونَ

    Я цаьргахь ю хьан Делан хазнаш‚ я уьш бу урхалла деш?

    52:37
  10. أَمْ لَهُمْ سُلَّمٌ يَسْتَمِعُونَ فِيهِ ۖ فَلْيَأْتِ مُسْتَمِعُهُمْ بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Я цаьргахь лами бу‚ /уьш шеца Ӏарш тӀе бовлуш/, ладугӀуш цу чохь /дуьйцучуьнга/? Схьадалойла церан ладугӀучо билгала делил!

    52:38
  11. أَمْ لَهُ الْبَنَاتُ وَلَكُمُ الْبَنُونَ

    Я Цуьнан мехкарий бу‚ шуна кӀентий бу?

    52:39
  12. أَمْ تَسْأَلُهُمْ أَجْرًا فَهُمْ مِنْ مَغْرَمٍ مُثْقَلُونَ

    Я ахь цаьрга мах боьху, уьш декхарша базбина болуш?

    52:40
  13. أَمْ عِنْدَهُمُ الْغَيْبُ فَهُمْ يَكْتُبُونَ

    Я цаьргахь къайле ю‚ цара дӀаяздеш?

    52:41
  14. أَمْ يُرِيدُونَ كَيْدًا ۖ فَالَّذِينَ كَفَرُوا هُمُ الْمَكِيدُونَ

    Я мекарло езаш бу уьш? Ца тешаш хилларш царна йина мекарло!

    52:42
  15. أَمْ لَهُمْ إِلَٰهٌ غَيْرُ اللَّهِ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Я церан АллахӀ (ц йолу цхьа Дела) воцург кхин дела ву? ЦӀена ву и Дела цара /Шеца/ накъост лацарх!

    52:43
  16. وَإِنْ يَرَوْا كِسْفًا مِنَ السَّمَاءِ سَاقِطًا يَقُولُوا سَحَابٌ مَرْكُومٌ

    Царна стиглара охьайогӀуш кийсакаш гичи а‚ цара эр ма дара: 'ТӀеттӀа йолу марха ю'

    52:44
  17. فَذَرْهُمْ حَتَّىٰ يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي فِيهِ يُصْعَقُونَ

    Бита уьш‚ шегахь ткъес йолу шайн денна дуьхьалкхетталц

    52:45
  18. يَوْمَ لَا يُغْنِي عَنْهُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ

    Оцу дийнахь церан мекарлос цхьанна хӀуманах кӀелхьарбохур бац уьш‚ царна гӀо хир дац!

    52:46
  19. وَإِنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا عَذَابًا دُونَ ذَٰلِكَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Баккъалла а, зулам диначарна цул совнаха Ӏазап хир ду‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    52:47
  20. وَاصْبِرْ لِحُكْمِ رَبِّكَ فَإِنَّكَ بِأَعْيُنِنَا ۖ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ حِينَ تَقُومُ

    Хьан Делан хьукамна собаре хила. Хьо Тхан бӀаьргий хьалхахь ву (Оха ларвеш ву хьо). Ахь хьан Далла хастам беш тасбахь де, хьуо хьалагӀеттича

    52:48
  21. وَمِنَ اللَّيْلِ فَسَبِّحْهُ وَإِدْبَارَ النُّجُومِ

    Буса а тасбахь де Цунна‚ седарчий дӀатилаш а /де тасбахь/

    52:49

Гочдар: Магомед Магомедов