Сурат 55 Ар-рахьман (Сов къинхетаме верг), аят 1 – 13

  1. الرَّحْمَٰنُ

    Сов къинхетаме верг

    55:1
  2. عَلَّمَ الْقُرْآنَ

    Цо Ӏамадина /Шен пайхамарна/ Къуръан

    55:2
  3. خَلَقَ الْإِنْسَانَ

    Цо кхоьллина адам

    55:3
  4. عَلَّمَهُ الْبَيَانَ

    Цо Ӏамадина цунна (адамна) хаар

    55:4
  5. الشَّمْسُ وَالْقَمَرُ بِحُسْبَانٍ

    Малх а‚ бутт а /Цуьнан/ хьесапаца /дӀасалелаш/ бу

    55:5
  6. وَالنَّجْمُ وَالشَّجَرُ يَسْجُدَانِ

    Седа а‚ дитт а /Цунна/ сужуд деш ду

    55:6
  7. وَالسَّمَاءَ رَفَعَهَا وَوَضَعَ الْمِيزَانَ

    Стигал Цо иза аййина‚ мийза-терза дӀахӀоттина

    55:7
  8. أَلَّا تَطْغَوْا فِي الْمِيزَانِ

    Шуьга харцо ца яйта /терзанца/ озарехь

    55:8
  9. وَأَقِيمُوا الْوَزْنَ بِالْقِسْطِ وَلَا تُخْسِرُوا الْمِيزَانَ

    Озар-дустар хӀоттаде нийсонца‚ эша ма е терза!

    55:9
  10. وَالْأَرْضَ وَضَعَهَا لِلْأَنَامِ

    Латта а дӀадаржина Цо /Шен/ Ӏаламна!

    55:10
  11. فِيهَا فَاكِهَةٌ وَالنَّخْلُ ذَاتُ الْأَكْمَامِ

    Цунна (латта) тӀехь стоьмаш схьаболу‚ кедалгаш долу хурманан дитт а /схьадолу/

    55:11
  12. وَالْحَبُّ ذُو الْعَصْفِ وَالرَّيْحَانُ

    Ча-гӀад долу буьртигаш а, хаза хьожа йолу баццаш а /схьайолу лаьттах/

    55:12
  13. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    Тккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:13

Гочдар: Магомед Магомедов