Сурат 55 Ар-рахьман (Сов къинхетаме верг), аят 26 – 45

  1. كُلُّ مَنْ عَلَيْهَا فَانٍ

    Массо а цу /лаьтта/ тӀехь верг хӀаллакхир ву

    55:26
  2. وَيَبْقَىٰ وَجْهُ رَبِّكَ ذُو الْجَلَالِ وَالْإِكْرَامِ

    Юьсур ю хьан Кхиош-кхобучун юьхь‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу

    55:27
  3. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    Тккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:28
  4. يَسْأَلُهُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ كُلَّ يَوْمٍ هُوَ فِي شَأْنٍ

    Цуьнга доьху стигланашкахь а‚ лаьттахь а болчара. Хр дийнахь Иза гӀуллакхехь ву

    55:29
  5. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    Тккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:30
  6. سَنَفْرُغُ لَكُمْ أَيُّهَ الثَّقَلَانِ

    ТӀаьхьа мукъадер ду Тхо шуна, хӀай жинаш а‚ адамаш а

    55:31
  7. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    Тккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:32
  8. يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ إِنِ اسْتَطَعْتُمْ أَنْ تَنْفُذُوا مِنْ أَقْطَارِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ فَانْفُذُوا ۚ لَا تَنْفُذُونَ إِلَّا بِسُلْطَانٍ

    ХӀай жинийн а‚ адамийн а гулам! Шайна магахь стигланийн а‚ лаьттан а дозаний дехьадовла‚ довлал! Шу довлур-м дац цхьана бакъонца а бен

    55:33
  9. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТӀаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:34
  10. يُرْسَلُ عَلَيْكُمَا شُوَاظٌ مِنْ نَارٍ وَنُحَاسٌ فَلَا تَنْتَصِرَانِ

    Шуна шинна тӀе йоуьйтур ю /кӀура боцчу/ цӀеран алу а, кӀура а. ГӀо дийр дац шуна шинна

    55:35
  11. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТӀаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:36
  12. فَإِذَا انْشَقَّتِ السَّمَاءُ فَكَانَتْ وَرْدَةً كَالدِّهَانِ

    Стигал йедича‚ иза юьсур ю цӀиелла, басар санна

    55:37
  13. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТӀаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:38
  14. فَيَوْمَئِذٍ لَا يُسْأَلُ عَنْ ذَنْبِهِ إِنْسٌ وَلَا جَانٌّ

    Оцу дийнахь шен къих хоттур ма дац адаме а‚ жине а

    55:39
  15. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТӀаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:40
  16. يُعْرَفُ الْمُجْرِمُونَ بِسِيمَاهُمْ فَيُؤْخَذُ بِالنَّوَاصِي وَالْأَقْدَامِ

    Къинош динарш бевзар бу шайн билгалонашца а‚ схьалоьцур бу кӀужалашца а‚ когашца а

    55:41
  17. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТӀаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:42
  18. هَٰذِهِ جَهَنَّمُ الَّتِي يُكَذِّبُ بِهَا الْمُجْرِمُونَ

    ХӀара ю и жоьжахати, къиношдиначара ша харцъеш хилла йолу

    55:43
  19. يَطُوفُونَ بَيْنَهَا وَبَيْنَ حَمِيمٍ آنٍ

    Цара гонаш бохур бу цунна а, цӀийдинчу хина а юккъехула

    55:44
  20. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТӀаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниӀмат харцдо аш шиммо?

    55:45

Гочдар: Магомед Магомедов