Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг), аят 1 – 10
-
سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Далла тасбахь дина стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчо. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
57:1 -
لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Цо дендо‚ Цо долуьйту. Иза массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ву
57:2 -
هُوَ الْأَوَّلُ وَالْآخِرُ وَالظَّاهِرُ وَالْبَاطِنُ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Иза ву хьалхарниг а‚ тӀаьхьарниг а‚ гучахь верг а‚ къайлахьверг а. Иза ву массо а хӀума хууш верг а
57:3 -
هُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۚ يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِي الْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنْزِلُ مِنَ السَّمَاءِ وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا ۖ وَهُوَ مَعَكُمْ أَيْنَ مَا كُنْتُمْ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Иза ву Ша кхоьллинарг стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь. ТӀаккха Иза дӀанисвелира Ӏарша тӀехь. Цунна хаьа латта чу дуьйлург а‚ цу чуьра арадуьйлург а‚ стиглара охьадогӀург а‚ цу чу айлург а. Иза шуьца ву, шу миччахьа а хилча а. И Дела аш дийриг гуш ву
57:4 -
لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ
Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле дӀадерзо гӀуллакхаш
57:5 -
يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ ۚ وَهُوَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Буьйса денна чуйолуьйту Цо‚ де буьйсанна чудолуьйту. Иза ву хууш верг дегнашкахь дерг
57:6 -
آمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَأَنْفِقُوا مِمَّا جَعَلَكُمْ مُسْتَخْلَفِينَ فِيهِ ۖ فَالَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَأَنْفَقُوا لَهُمْ أَجْرٌ كَبِيرٌ
Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ харжаш е /Делан новкъахь сагӀа луш…/ Оха лело шайга еллачух. Шух ийман диллинарш а, /Делан новкъахь/ харжаш йийнарш а царна йоккха ял ю
57:7 -
وَمَا لَكُمْ لَا تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ ۙ وَالرَّسُولُ يَدْعُوكُمْ لِتُؤْمِنُوا بِرَبِّكُمْ وَقَدْ أَخَذَ مِيثَاقَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Шуна хӀун ду ца теша Делах? Элча ма вуй шу кхойкхуш шайн Кхиош-кхобучуьнга тешаре‚ Цо ('Ша вуй шун Дела', олуш аш 'Ву Деллара', олуш) шуьгара чӀагӀо ма эцна, шу муъмин нах делахь
57:8 -
هُوَ الَّذِي يُنَزِّلُ عَلَىٰ عَبْدِهِ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ لِيُخْرِجَكُمْ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۚ وَإِنَّ اللَّهَ بِكُمْ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ
Иза ву доссош верг Шен лега билгала аяташ шу арадахархьама боданера нуре. Баккъалла а, и Дела шуна къинтӀераволург а‚ къинхетаме верг а ма ву
57:9 -
وَمَا لَكُمْ أَلَّا تُنْفِقُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلِلَّهِ مِيرَاثُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ لَا يَسْتَوِي مِنْكُمْ مَنْ أَنْفَقَ مِنْ قَبْلِ الْفَتْحِ وَقَاتَلَ ۚ أُولَٰئِكَ أَعْظَمُ دَرَجَةً مِنَ الَّذِينَ أَنْفَقُوا مِنْ بَعْدُ وَقَاتَلُوا ۚ وَكُلًّا وَعَدَ اللَّهُ الْحُسْنَىٰ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
Шуна хӀун ду Делан новкъахь харж ца ян? Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс! Цхьатерра вац шух /Делан новкъахь/ харж йинарг толам баккхале‚ тӀом бинарг /цул тӀаьхьа харжаш йинарг а‚ тӀом бинарг а/. Царна вуно сийлахь-йоккха ял ю тӀаьхьа харж йиначарал‚ тӀаьхьа тӀом биначарал. /Царна/ массарна а хазниг ваӀда йина Дала. Дела аш дийриг дика хууш ву
57:10
Гочдар: Магомед Магомедов