Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг), аят 1 – 7

  1. سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Далла тасбахь дина стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел долчо. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    57:1
  2. لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Цо дендо‚ Цо долуьйту. Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву

    57:2
  3. هُوَ الْأَوَّلُ وَالْآخِرُ وَالظَّاهِرُ وَالْبَاطِنُ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Иза ву хьалхарниг а‚ тIаьхьарниг а‚ гучахь верг а‚ къайлахьверг а. Иза ву массо а хIума хууш верг а

    57:3
  4. هُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۚ يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِي الْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنْزِلُ مِنَ السَّمَاءِ وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا ۖ وَهُوَ مَعَكُمْ أَيْنَ مَا كُنْتُمْ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    Иза ву Ша кхоьллинарг стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь. ТIаккха Иза дIанисвелира Iарша тIехь. Цунна хаьа латта чу дуьйлург а‚ цу чуьра арадуьйлург а‚ стиглара охьадогIург а‚ цу чу айлург а. Иза шуьца ву, шу миччахьа а хилча а. И Дела аш дийриг гуш ву

    57:4
  5. لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле дIадерзо гIуллакхаш

    57:5
  6. يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ ۚ وَهُوَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Буьйса денна чуйолуьйту Цо‚ де буьйсанна чудолуьйту. Иза ву хууш верг дегнашкахь дерг

    57:6
  7. آمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَأَنْفِقُوا مِمَّا جَعَلَكُمْ مُسْتَخْلَفِينَ فِيهِ ۖ فَالَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَأَنْفَقُوا لَهُمْ أَجْرٌ كَبِيرٌ

    Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ харжаш е /Делан новкъахь сагIа луш…/ Оха лело шайга еллачух. Шух ийман диллинарш а, /Делан новкъахь/ харжаш йийнарш а царна йоккха ял ю

    57:7

Гочдар: Магомед Магомедов