Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг), аят 11 – 19
-
مَنْ ذَا الَّذِي يُقْرِضُ اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا فَيُضَاعِفَهُ لَهُ وَلَهُ أَجْرٌ كَرِيمٌ
Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг? Цо тӀеттӀа алсам доккхур ду Иза цунна‚ цунна хир ю сийлахь йолу ял а
57:11 -
يَوْمَ تَرَى الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ يَسْعَىٰ نُورُهُمْ بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَبِأَيْمَانِهِمْ بُشْرَاكُمُ الْيَوْمَ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Оцу /къемат/дийнахь хьуна гур бу /хӀай Мухьаммад/ и муъмин божарий и муъмин зударий шайн нур шайна хьалхахула‚ аьтту куьйган агӀорхьара уьйдаш‚ /цаьрга олуш маликаша/: ' Кхаъ бу шуна тахана бошмаш шайна бухахула хиш оьхуш долу. Цу чохь /шу/ гуттар лаьттар ду. Иза бу сийлахь-боккха толам!'
57:12 -
يَوْمَ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالْمُنَافِقَاتُ لِلَّذِينَ آمَنُوا انْظُرُونَا نَقْتَبِسْ مِنْ نُورِكُمْ قِيلَ ارْجِعُوا وَرَاءَكُمْ فَالْتَمِسُوا نُورًا فَضُرِبَ بَيْنَهُمْ بِسُورٍ لَهُ بَابٌ بَاطِنُهُ فِيهِ الرَّحْمَةُ وَظَاهِرُهُ مِنْ قِبَلِهِ الْعَذَابُ
Оцу дийнахь мунепикъ божарша а‚ мунепикъ зударша а эр ду тешаш хиллачаьрга: 'Хьовсийш тхоьга! Шун нурах нур оьцур дара Оха'. Олур ду: 'Юхадерза‚ лаха шайна нур!' Царна (муъмин нахана а мунепикъ нахана а) юккъехь керт хӀоттор ю шена неӀ йолуш‚ цунна чоьхьахула (муъмин нах болу агӀо) къинхетам болуш‚ цунна арахала (мунепикъ нах болу агӀо) Ӏазап долуш
57:13 -
يُنَادُونَهُمْ أَلَمْ نَكُنْ مَعَكُمْ ۖ قَالُوا بَلَىٰ وَلَٰكِنَّكُمْ فَتَنْتُمْ أَنْفُسَكُمْ وَتَرَبَّصْتُمْ وَارْتَبْتُمْ وَغَرَّتْكُمُ الْأَمَانِيُّ حَتَّىٰ جَاءَ أَمْرُ اللَّهِ وَغَرَّكُمْ بِاللَّهِ الْغَرُورُ
Цаьрга кхойкхура цара (арахь болчара мунепикъаша): 'Тхо шуьца дацара ткъа?' Цара эр: 'ХӀаъ‚ делахь а, шайн догӀмаш питане лаьцира аш‚ /тхуна вон хиларе/ ладуьйгӀира аш‚ /Делан ваӀда/ шеконе лаьцира аш‚ лаамаша Ӏехийра шу Делан омра (Ӏожалла) далц‚ Делаца Ӏехийра шу Ӏехочо (шайтӀано)
57:14 -
فَالْيَوْمَ لَا يُؤْخَذُ مِنْكُمْ فِدْيَةٌ وَلَا مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ مَأْوَاكُمُ النَّارُ ۖ هِيَ مَوْلَاكُمْ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Тахана оьцур бац шуьгара мах‚ ца тешаш хиллачаьргара а /оьцур бац/. Шун чугӀойла жоьжахати хир ю. Иза ю шун тӀетовжийла. Ма вон дӀадерзар ду-кх иза!'
57:15 -
أَلَمْ يَأْنِ لِلَّذِينَ آمَنُوا أَنْ تَخْشَعَ قُلُوبُهُمْ لِذِكْرِ اللَّهِ وَمَا نَزَلَ مِنَ الْحَقِّ وَلَا يَكُونُوا كَالَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلُ فَطَالَ عَلَيْهِمُ الْأَمَدُ فَقَسَتْ قُلُوبُهُمْ ۖ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ فَاسِقُونَ
Хан ца кхаьчна-те ийман диллинчарна шайн дегнаш муьтӀахь хила Дела хьехорна‚ бакъдолчух доьссинчунна‚ уьш ца хила хьалха шайга жайна доссинчарах тера? Церан-м зама яхъелира дегнаш /къизаллица/ чӀагӀделира церан. Царах дукханаш песакъ ма бу
57:16 -
اعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يُحْيِي الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ قَدْ بَيَّنَّا لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
Шуна хаалаш‚ Дала латта дендо и деллачул тӀаьхьа. Оха билгалдаьхна шуна аяташ‚ шу хир дац-те хьекъале
57:17 -
إِنَّ الْمُصَّدِّقِينَ وَالْمُصَّدِّقَاتِ وَأَقْرَضُوا اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا يُضَاعَفُ لَهُمْ وَلَهُمْ أَجْرٌ كَرِيمٌ
Баккъалла а, сагӀа луш берш‚ божарий а‚ зударий а‚ Далла юхалург хаза декхар а делларш Цо тӀеттӀа алсам доккхур ду царна /мела баларца/. Царна хир ю сийлахь ял а
57:18 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ أُولَٰئِكَ هُمُ الصِّدِّيقُونَ ۖ وَالشُّهَدَاءُ عِنْدَ رَبِّهِمْ لَهُمْ أَجْرُهُمْ وَنُورُهُمْ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешнарш уьш бу бакъберш а‚ шайн Далла гергахь шахӀидаш а. Царна шайн ял а ю‚ нур а ду. Ткъа цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а уьш бу жоьжахатин дай
57:19
Гочдар: Магомед Магомедов