Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг), аят 12 – 13

  1. يَوْمَ تَرَى الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ يَسْعَىٰ نُورُهُمْ بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَبِأَيْمَانِهِمْ بُشْرَاكُمُ الْيَوْمَ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Оцу /къемат/дийнахь хьуна гур бу /хӀай Мухьаммад/ и муъмин божарий и муъмин зударий шайн нур шайна хьалхахула‚ аьтту куьйган агӀорхьара уьйдаш‚ /цаьрга олуш маликаша/: ' Кхаъ бу шуна тахана бошмаш шайна бухахула хиш оьхуш долу. Цу чохь /шу/ гуттар лаьттар ду. Иза бу сийлахь-боккха толам!'

    57:12
  2. يَوْمَ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالْمُنَافِقَاتُ لِلَّذِينَ آمَنُوا انْظُرُونَا نَقْتَبِسْ مِنْ نُورِكُمْ قِيلَ ارْجِعُوا وَرَاءَكُمْ فَالْتَمِسُوا نُورًا فَضُرِبَ بَيْنَهُمْ بِسُورٍ لَهُ بَابٌ بَاطِنُهُ فِيهِ الرَّحْمَةُ وَظَاهِرُهُ مِنْ قِبَلِهِ الْعَذَابُ

    Оцу дийнахь мунепикъ божарша а‚ мунепикъ зударша а эр ду тешаш хиллачаьрга: 'Хьовсийш тхоьга! Шун нурах нур оьцур дара Оха'. Олур ду: 'Юхадерза‚ лаха шайна нур!' Царна (муъмин нахана а мунепикъ нахана а) юккъехь керт хӀоттор ю шена неӀ йолуш‚ цунна чоьхьахула (муъмин нах болу агӀо) къинхетам болуш‚ цунна арахала (мунепикъ нах болу агӀо) Ӏазап долуш

    57:13

Гочдар: Магомед Магомедов