Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг), аят 13 – 15
-
يَوْمَ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالْمُنَافِقَاتُ لِلَّذِينَ آمَنُوا انْظُرُونَا نَقْتَبِسْ مِنْ نُورِكُمْ قِيلَ ارْجِعُوا وَرَاءَكُمْ فَالْتَمِسُوا نُورًا فَضُرِبَ بَيْنَهُمْ بِسُورٍ لَهُ بَابٌ بَاطِنُهُ فِيهِ الرَّحْمَةُ وَظَاهِرُهُ مِنْ قِبَلِهِ الْعَذَابُ
Оцу дийнахь мунепикъ божарша а‚ мунепикъ зударша а эр ду тешаш хиллачаьрга: 'Хьовсийш тхоьга! Шун нурах нур оьцур дара Оха'. Олур ду: 'Юхадерза‚ лаха шайна нур!' Царна (муъмин нахана а мунепикъ нахана а) юккъехь керт хӀоттор ю шена неӀ йолуш‚ цунна чоьхьахула (муъмин нах болу агӀо) къинхетам болуш‚ цунна арахала (мунепикъ нах болу агӀо) Ӏазап долуш
57:13 -
يُنَادُونَهُمْ أَلَمْ نَكُنْ مَعَكُمْ ۖ قَالُوا بَلَىٰ وَلَٰكِنَّكُمْ فَتَنْتُمْ أَنْفُسَكُمْ وَتَرَبَّصْتُمْ وَارْتَبْتُمْ وَغَرَّتْكُمُ الْأَمَانِيُّ حَتَّىٰ جَاءَ أَمْرُ اللَّهِ وَغَرَّكُمْ بِاللَّهِ الْغَرُورُ
Цаьрга кхойкхура цара (арахь болчара мунепикъаша): 'Тхо шуьца дацара ткъа?' Цара эр: 'ХӀаъ‚ делахь а, шайн догӀмаш питане лаьцира аш‚ /тхуна вон хиларе/ ладуьйгӀира аш‚ /Делан ваӀда/ шеконе лаьцира аш‚ лаамаша Ӏехийра шу Делан омра (Ӏожалла) далц‚ Делаца Ӏехийра шу Ӏехочо (шайтӀано)
57:14 -
فَالْيَوْمَ لَا يُؤْخَذُ مِنْكُمْ فِدْيَةٌ وَلَا مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ مَأْوَاكُمُ النَّارُ ۖ هِيَ مَوْلَاكُمْ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Тахана оьцур бац шуьгара мах‚ ца тешаш хиллачаьргара а /оьцур бац/. Шун чугӀойла жоьжахати хир ю. Иза ю шун тӀетовжийла. Ма вон дӀадерзар ду-кх иза!'
57:15
Гочдар: Магомед Магомедов