Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг), аят 18 – 19

  1. إِنَّ الْمُصَّدِّقِينَ وَالْمُصَّدِّقَاتِ وَأَقْرَضُوا اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا يُضَاعَفُ لَهُمْ وَلَهُمْ أَجْرٌ كَرِيمٌ

    Баккъалла а, сагӀа луш берш‚ божарий а‚ зударий а‚ Далла юхалург хаза декхар а делларш Цо тӀеттӀа алсам доккхур ду царна /мела баларца/. Царна хир ю сийлахь ял а

    57:18
  2. وَالَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ أُولَٰئِكَ هُمُ الصِّدِّيقُونَ ۖ وَالشُّهَدَاءُ عِنْدَ رَبِّهِمْ لَهُمْ أَجْرُهُمْ وَنُورُهُمْ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ

    Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешнарш уьш бу бакъберш а‚ шайн Далла гергахь шахӀидаш а. Царна шайн ял а ю‚ нур а ду. Ткъа цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а уьш бу жоьжахатин дай

    57:19

Гочдар: Магомед Магомедов