Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг), аят 26 – 29
-
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا وَإِبْرَاهِيمَ وَجَعَلْنَا فِي ذُرِّيَّتِهِمَا النُّبُوَّةَ وَالْكِتَابَ ۖ فَمِنْهُمْ مُهْتَدٍ ۖ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ فَاسِقُونَ
Оха вахийтира Нухь а‚ ИбрахӀим а‚ Оха хилийтира церан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а. Царах нисвелларг а ву‚ царах дукхаберш песакъ бу-кх
57:26 -
ثُمَّ قَفَّيْنَا عَلَىٰ آثَارِهِمْ بِرُسُلِنَا وَقَفَّيْنَا بِعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ وَآتَيْنَاهُ الْإِنْجِيلَ وَجَعَلْنَا فِي قُلُوبِ الَّذِينَ اتَّبَعُوهُ رَأْفَةً وَرَحْمَةً وَرَهْبَانِيَّةً ابْتَدَعُوهَا مَا كَتَبْنَاهَا عَلَيْهِمْ إِلَّا ابْتِغَاءَ رِضْوَانِ اللَّهِ فَمَا رَعَوْهَا حَقَّ رِعَايَتِهَا ۖ فَآتَيْنَا الَّذِينَ آمَنُوا مِنْهُمْ أَجْرَهُمْ ۖ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ فَاسِقُونَ
ТӀаккха церан лорах Оха бахийтира Тхан элчанаш. /Церан лорах/ Оха вахийтира Марьяман кӀант Ӏийса‚ цуьнга делира Оха Инжил‚ цуьнан тӀаьхьахӀиттинчеран дегнашкахь хилийтира Оха дог-кӀедалла а‚ къинхетам а. Дуьненан марзонах дхадар иза цара шаьш кхоьллина ду‚ Оха и лелор царна тӀе ца диллина‚ Дела реза хилар лахар а бен‚ иза а тергал ца дина цара тергал дан ма дезза. Царах ийман диллинчарна шайн ял ели Оха. Царах дукхаберш песакъ бу-кх
57:27 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَآمِنُوا بِرَسُولِهِ يُؤْتِكُمْ كِفْلَيْنِ مِنْ رَحْمَتِهِ وَيَجْعَلْ لَكُمْ نُورًا تَمْشُونَ بِهِ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
ХӀай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цуьнан элчанах тешалаш Цо Шен къинхетамах ши дакъа лур ду шуна‚ Цо хуьлуьйтур ду шуна нур‚ цуьнца шу лелаш‚ Цо шуна гечдийр ду. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву
57:28 -
لِئَلَّا يَعْلَمَ أَهْلُ الْكِتَابِ أَلَّا يَقْدِرُونَ عَلَىٰ شَيْءٍ مِنْ فَضْلِ اللَّهِ ۙ وَأَنَّ الْفَضْلَ بِيَدِ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
/И хоуьйту Ас шуна / жайнан охӀлана хаархьама Делан къинхетамах цхьанна а хӀуманна тӀехь шайна ницкъ кхочур боцийла‚ къинхетам Делан карахь буйла: Цо ло иза Шена луучунна. И Дела Шегахь беза-боккха къинхетам болуш ву-кх
57:29
Гочдар: Магомед Магомедов