Сурат 58 Аль-муджадила (Юх-юха а дуьйцуш ерг), аят 1 – 4

  1. قَدْ سَمِعَ اللَّهُ قَوْلَ الَّتِي تُجَادِلُكَ فِي زَوْجِهَا وَتَشْتَكِي إِلَى اللَّهِ وَاللَّهُ يَسْمَعُ تَحَاوُرَكُمَا ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ

    Баккъалла а, хези Далла шен майрачух лаьцна хьоьга юх-юха а дуьйцуш йолчун дош‚ цо Деле далхадо шен гллакх‚ и Дела хозуш ма ву шун шиннан къамел. Баккъалла а, и Дела хозуш верг а ма ву‚ гуш верг а ма ву

    58:1
  2. الَّذِينَ يُظَاهِرُونَ مِنْكُمْ مِنْ نِسَائِهِمْ مَا هُنَّ أُمَّهَاتِهِمْ ۖ إِنْ أُمَّهَاتُهُمْ إِلَّا اللَّائِي وَلَدْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَيَقُولُونَ مُنْكَرًا مِنَ الْقَوْلِ وَزُورًا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَعَفُوٌّ غَفُورٌ

    Шух шайн зударшка 'шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду'‚ бохурш уьш церан наной ца хуьлу /цара иза бахарх/. Церан наной уьш бинарш бен бац. Баккъалла а, цара дуьйцург ца деза дош ма ду‚ харцдерг ма ду. Баккъалла а, Дела /уьш дохкобевлла, и къа дитча/ бехк цабуьллург а ву‚ гечдийриг а ву

    58:2
  3. وَالَّذِينَ يُظَاهِرُونَ مِنْ نِسَائِهِمْ ثُمَّ يَعُودُونَ لِمَا قَالُوا فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَتَمَاسَّا ۚ ذَٰلِكُمْ تُوعَظُونَ بِهِ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    И шайн зударшка 'шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду'‚ олурш‚ тӀаккха шаьш аьллачунна тӀе юхабоьрзуш берш цхьа лай азатваккха веза цара шаьш /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. Цуьнца хьехам беш бу шуна. Дела аш дийриг сов дика хууш ву

    58:3
  4. فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَتَمَاسَّا ۖ فَمَنْ لَمْ يَسْتَطِعْ فَإِطْعَامُ سِتِّينَ مِسْكِينًا ۚ ذَٰلِكَ لِتُؤْمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ۚ وَتِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ ۗ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    И цакарийначо марха кхобур ду шина баттахь тӀеттӀа шаьш шиъ /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. И ца магахь - кхузткъа мискачунна даа хӀума лур ду. Иза ду шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешийтархьама. Уьш Делан дозанаш ду /тӀех ма довла царна/. /Делах/ цатешачарна лазош долу Ӏазап ду

    58:4

Гочдар: Магомед Магомедов