Сурат 58 Аль-муджадила (Юх-юха а дуьйцуш ерг), аят 14 – 22
-
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ تَوَلَّوْا قَوْمًا غَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ مَا هُمْ مِنْكُمْ وَلَا مِنْهُمْ وَيَحْلِفُونَ عَلَى الْكَذِبِ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Хьуна гой и Дела шайна оьгӀаз ваханчу къомаца доттагӀалла лелош берш? Уьш шух бац‚ царах а бац. Харцдолчунна тӀехь дуй боуш бу уьш, шайна хуушехь
58:14 -
أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا ۖ إِنَّهُمْ سَاءَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Дала кечдина царна чӀогӀа Ӏазап. Баккъалла а, ма вōн хили-кх цара деш хилларг
58:15 -
اتَّخَذُوا أَيْمَانَهُمْ جُنَّةً فَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ فَلَهُمْ عَذَابٌ مُهِينٌ
Цара лецира шайн дуйнаш /нехан довах а‚ бехках а‚ шайн къинойх/ дуьхьало йина‚ иштта цара дӀатилира /нах/ Делан некъах. Царна сийсаза долу Ӏазап ду-кх
58:16 -
لَنْ تُغْنِيَ عَنْهُمْ أَمْوَالُهُمْ وَلَا أَوْلَادُهُمْ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۚ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Хмма хьалхадоккхур дац Делера церан хьоло а, церан доьзало а. Уьш /жоьжахатин/ цӀеран дай бу-кх. Уьш цу чохь гуттар хир бу
58:17 -
يَوْمَ يَبْعَثُهُمُ اللَّهُ جَمِيعًا فَيَحْلِفُونَ لَهُ كَمَا يَحْلِفُونَ لَكُمْ ۖ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ عَلَىٰ شَيْءٍ ۚ أَلَا إِنَّهُمْ هُمُ الْكَاذِبُونَ
Цхьана дийнахь Дала хьалагӀовтор бу уьш берриг‚ тӀаккха цара Цунна дуйнаш боур бу, шуна шаьш дуйнаш баарх терра. Царна моттур ду шаьш цхьана бухана тӀехь ду. Ткъа, баккъалла а, уьш бац харцлуьйш берш?!
58:18 -
اسْتَحْوَذَ عَلَيْهِمُ الشَّيْطَانُ فَأَنْسَاهُمْ ذِكْرَ اللَّهِ ۚ أُولَٰئِكَ حِزْبُ الشَّيْطَانِ ۚ أَلَا إِنَّ حِزْبَ الشَّيْطَانِ هُمُ الْخَاسِرُونَ
ШайтӀано доладина царна тӀехь‚ цо дицдайти цаьрга Дела хьехавар. Уьш шайтӀанан тōба ю. Ткъа шайтӀанан тōба яц гӀорасазниг (эшнарг)?
58:19 -
إِنَّ الَّذِينَ يُحَادُّونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ أُولَٰئِكَ فِي الْأَذَلِّينَ
Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а /мостагӀаллица/ дуьхьалбуьйлурш уьш бу-кх уггар сийсазхиллачарна юккъехь
58:20 -
كَتَبَ اللَّهُ لَأَغْلِبَنَّ أَنَا وَرُسُلِي ۚ إِنَّ اللَّهَ قَوِيٌّ عَزِيزٌ
ДӀаяздина Дала: 'Тоьлур ву Со а‚ Сан элчанаш а'. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву
58:21 -
لَا تَجِدُ قَوْمًا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ يُوَادُّونَ مَنْ حَادَّ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَلَوْ كَانُوا آبَاءَهُمْ أَوْ أَبْنَاءَهُمْ أَوْ إِخْوَانَهُمْ أَوْ عَشِيرَتَهُمْ ۚ أُولَٰئِكَ كَتَبَ فِي قُلُوبِهِمُ الْإِيمَانَ وَأَيَّدَهُمْ بِرُوحٍ مِنْهُ ۖ وَيُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ۚ أُولَٰئِكَ حِزْبُ اللَّهِ ۚ أَلَا إِنَّ حِزْبَ اللَّهِ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
Хьуна карор бац Делах а‚ тӀаьхьарчу дийнах а тешаш болу нах шайна дукхабезаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьалбуьйлуш берш‚ уьш церан дай хиллехь а‚ я кӀентий хиллехь‚ я вежарий хиллехь‚ я церан гергара хиллехь. Уьш бу Цо шайн дегнашкахь ийман яздинарш‚ Цо чӀагӀбинарш Шегара сица. Цо бухкур бу уьш бошмашка‚ шайн бухахула хиш лелаш долчу‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ. Дела реза хили царна‚ уьш реза хили Цунна. Уьш бу Делан тōба. Ткъа, баккъалла а, Делан тōба и яц яккхийедар ерг?! / Ю, Деллара!/
58:22
Гочдар: Магомед Магомедов