Сурат 58 Аль-муджадила (Юх-юха а дуьйцуш ерг), аят 2 – 4

  1. الَّذِينَ يُظَاهِرُونَ مِنْكُمْ مِنْ نِسَائِهِمْ مَا هُنَّ أُمَّهَاتِهِمْ ۖ إِنْ أُمَّهَاتُهُمْ إِلَّا اللَّائِي وَلَدْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَيَقُولُونَ مُنْكَرًا مِنَ الْقَوْلِ وَزُورًا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَعَفُوٌّ غَفُورٌ

    Шух шайн зударшка 'шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду'‚ бохурш уьш церан наной ца хуьлу /цара иза бахарх/. Церан наной уьш бинарш бен бац. Баккъалла а, цара дуьйцург ца деза дош ма ду‚ харцдерг ма ду. Баккъалла а, Дела /уьш дохкобевлла, и къа дитча/ бехк цабуьллург а ву‚ гечдийриг а ву

    58:2
  2. وَالَّذِينَ يُظَاهِرُونَ مِنْ نِسَائِهِمْ ثُمَّ يَعُودُونَ لِمَا قَالُوا فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَتَمَاسَّا ۚ ذَٰلِكُمْ تُوعَظُونَ بِهِ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    И шайн зударшка 'шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду'‚ олурш‚ тIаккха шаьш аьллачунна тIе юхабоьрзуш берш цхьа лай азатваккха веза цара шаьш /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. Цуьнца хьехам беш бу шуна. Дела аш дийриг сов дика хууш ву

    58:3
  3. فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَتَمَاسَّا ۖ فَمَنْ لَمْ يَسْتَطِعْ فَإِطْعَامُ سِتِّينَ مِسْكِينًا ۚ ذَٰلِكَ لِتُؤْمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ۚ وَتِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ ۗ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    И цакарийначо марха кхобур ду шина баттахь тIеттIа шаьш шиъ /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. И ца магахь - кхузткъа мискачунна даа хIума лур ду. Иза ду шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешийтархьама. Уьш Делан дозанаш ду /тIех ма довла царна/. /Делах/ цатешачарна лазош долу Iазап ду

    58:4

Гочдар: Магомед Магомедов