Сурат 59 Аль-хьашр (ДӀалахкар), аят 1 – 10

  1. سَبَّحَ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Тасбахь дина Далла стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    59:1
  2. هُوَ الَّذِي أَخْرَجَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ مِنْ دِيَارِهِمْ لِأَوَّلِ الْحَشْرِ ۚ مَا ظَنَنْتُمْ أَنْ يَخْرُجُوا ۖ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ مَانِعَتُهُمْ حُصُونُهُمْ مِنَ اللَّهِ فَأَتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ حَيْثُ لَمْ يَحْتَسِبُوا ۖ وَقَذَفَ فِي قُلُوبِهِمُ الرُّعْبَ ۚ يُخْرِبُونَ بُيُوتَهُمْ بِأَيْدِيهِمْ وَأَيْدِي الْمُؤْمِنِينَ فَاعْتَبِرُوا يَا أُولِي الْأَبْصَارِ

    Иза ву Ша арабаьхнарг жайнан охӀлах цатешнарш хьалхарчу дӀалахкарехь. Шуна ца моьттура уьш арабовлур бу. Царна моьттура шайн /тӀеман/ гӀопаша лардийр ду шаьш Делах. Дела ткхиара царна шайна дага а ца догӀучухула. Церан дегнашка кхерам тесира Цо дохадеш шайн цӀенош шайн куьйгашца а‚ муъмин нехан куьйгашца а. Хьехам хилийта шайна цунах‚ хӀай бӀаьрсадерш!

    59:2
  3. وَلَوْلَا أَنْ كَتَبَ اللَّهُ عَلَيْهِمُ الْجَلَاءَ لَعَذَّبَهُمْ فِي الدُّنْيَا ۖ وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابُ النَّارِ

    Дала царна ца яздинехьара махкара арабахар, Ӏазап дина хир дара царна дуьненахь. Царна эхартахь а цӀеран Ӏазап ду

    59:3
  4. ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ شَاقُّوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۖ وَمَنْ يُشَاقِّ اللَّهَ فَإِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    Иза ду цара дуьхьало ярна Далла а‚ Делан элчанна а. Милла велахь Далла дуьхьало еш верг баккъалла а, Дела чг ву-кх таӀзар дарехь

    59:4
  5. مَا قَطَعْتُمْ مِنْ لِينَةٍ أَوْ تَرَكْتُمُوهَا قَائِمَةً عَلَىٰ أُصُولِهَا فَبِإِذْنِ اللَّهِ وَلِيُخْزِيَ الْفَاسِقِينَ

    Аш хадийна долу хурманан дитт‚ я дитина дерг шен орамий тӀехь Делан пурбанца ду‚ песакх нах сийсазбарна а

    59:5
  6. وَمَا أَفَاءَ اللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ مِنْهُمْ فَمَا أَوْجَفْتُمْ عَلَيْهِ مِنْ خَيْلٍ وَلَا رِكَابٍ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يُسَلِّطُ رُسُلَهُ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Дала Шен элчанна /аш тм ца беш / елла цаьргара хӀонс шуна ца кхийтира цунна тӀаьхьа лахка говраш а‚ эмкалш а‚ амма Дала ло урхалла Шен элчанашка Шена луучунна тӀехь. Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ву

    59:6
  7. مَا أَفَاءَ اللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ مِنْ أَهْلِ الْقُرَىٰ فَلِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ كَيْ لَا يَكُونَ دُولَةً بَيْنَ الْأَغْنِيَاءِ مِنْكُمْ ۚ وَمَا آتَاكُمُ الرَّسُولُ فَخُذُوهُ وَمَا نَهَاكُمْ عَنْهُ فَانْتَهُوا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    Дала Шен элчанна яртийн нахера схьаяьккхина елла хӀонс ю Далла‚ Цуьнан элчанна‚ /пайхамаран/ гергарчарна‚ боберашна‚ мискачарна‚ некъахочунна шух хьал долчу нехан долахь ца хилийтархьама. Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг дита: Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела чӀогӀа ву-кх таӀзар дарехь

    59:7
  8. لِلْفُقَرَاءِ الْمُهَاجِرِينَ الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ وَأَمْوَالِهِمْ يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا وَيَنْصُرُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الصَّادِقُونَ

    МухӀажирийн пекъар нахана а /ю и хӀонс/‚ шайн цӀенойх а‚ бахамах а арабехна хилла болчу‚ цара Делера къинхетам а, резалла а лахарна‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а гӀо дарна. Уьш бу бакъберш

    59:8
  9. وَالَّذِينَ تَبَوَّءُوا الدَّارَ وَالْإِيمَانَ مِنْ قَبْلِهِمْ يُحِبُّونَ مَنْ هَاجَرَ إِلَيْهِمْ وَلَا يَجِدُونَ فِي صُدُورِهِمْ حَاجَةً مِمَّا أُوتُوا وَيُؤْثِرُونَ عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ وَلَوْ كَانَ بِهِمْ خَصَاصَةٌ ۚ وَمَنْ يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Царал хьалха шайн цӀенош хилларш‚ иймана чохь чӀагӀбелларш - безаш бу шайна тӀе баьхкинарш‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухӀажиршна еллачу хӀонс бахьанехь/ хьагӀ‚ шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а. Шен дегӀ бӀаьрмецигаллах лардинарг уьш бу-кх баккхийбедар берш

    59:9
  10. وَالَّذِينَ جَاءُوا مِنْ بَعْدِهِمْ يَقُولُونَ رَبَّنَا اغْفِرْ لَنَا وَلِإِخْوَانِنَا الَّذِينَ سَبَقُونَا بِالْإِيمَانِ وَلَا تَجْعَلْ فِي قُلُوبِنَا غِلًّا لِلَّذِينَ آمَنُوا رَبَّنَا إِنَّكَ رَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Царал тӀаьхьа баьхкинарш а, олуш: 'Веза Дела‚ гечделахь тхуна а‚ ийманца тхол хьалхабевллачу тхан вежаршна а‚ ма хилийталахь тхан дегнашкахь ийман диллинчаьрга цабезам. Веза Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх /тхуна/ къинтӀерволург а, къинхетаме верг а' /хьакъ бу шайна хнсах дакъа кхача/

    59:10

Гочдар: Магомед Магомедов