Сурат 59 Аль-хьашр (ДӀалахкар), аят 11 – 17
-
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ نَافَقُوا يَقُولُونَ لِإِخْوَانِهِمُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَئِنْ أُخْرِجْتُمْ لَنَخْرُجَنَّ مَعَكُمْ وَلَا نُطِيعُ فِيكُمْ أَحَدًا أَبَدًا وَإِنْ قُوتِلْتُمْ لَنَنْصُرَنَّكُمْ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
Хьуна гирий и мунепакъ нах, шаьш олуш жайнан охӀлах ца тешаш хиллачу шайн вежаршка: 'Шу арадаьхна хиллехьара‚ даннē а тхо а арадовлур дара шуьца. Шуна дуьхьал цхьанна а цкъа а муьтӀахь хир дацара тхо. Шуьца тӀом бинехьара шуна даннē а гӀо дийр ма дара оха'. Дала тешалла до‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу‚ аьлла
59:11 -
لَئِنْ أُخْرِجُوا لَا يَخْرُجُونَ مَعَهُمْ وَلَئِنْ قُوتِلُوا لَا يَنْصُرُونَهُمْ وَلَئِنْ نَصَرُوهُمْ لَيُوَلُّنَّ الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يُنْصَرُونَ
Уьш арабаьхча‚ цаьрца арабовлур а ма бацара уьш. Цаьрца тӀом бийча царна гӀо дийр ма дацара цара. Цара царна гӀо дийчи а, юхбовлур ма бара уьш (бовдур ма бара уьш)‚ тӀаккха /церан/ гӀо царна хир ма дацара
59:12 -
لَأَنْتُمْ أَشَدُّ رَهْبَةً فِي صُدُورِهِمْ مِنَ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَفْقَهُونَ
Шу ма ду церан дегнашкахь Делал а тӀех кхераме. Иза уьш кхетам боцу къам долу дела ду
59:13 -
لَا يُقَاتِلُونَكُمْ جَمِيعًا إِلَّا فِي قُرًى مُحَصَّنَةٍ أَوْ مِنْ وَرَاءِ جُدُرٍ ۚ بَأْسُهُمْ بَيْنَهُمْ شَدِيدٌ ۚ تَحْسَبُهُمْ جَمِيعًا وَقُلُوبُهُمْ شَتَّىٰ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَعْقِلُونَ
Цара шуьца тӀом бийр бац массара а цхьана чӀагӀйина ярташкахь бен я пений тӀехьахь бен. Церан ницкъ вовшийн юккъехь чӀогӀа бу. Хьуна моьтту уьш цхьана бу. Церан дегнаш декъаделла ду. Иза уьш хьекъал доцу къам долу дела ду
59:14 -
كَمَثَلِ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ قَرِيبًا ۖ ذَاقُوا وَبَالَ أَمْرِهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Дукха хан йоццуш шайл хьалха хиллачарах тера бу уьш: шайн гӀуллакхан бāла Ӏевшира цара. Царна хир ду лазош долу Ӏазап а /эхартахь/
59:15 -
كَمَثَلِ الشَّيْطَانِ إِذْ قَالَ لِلْإِنْسَانِ اكْفُرْ فَلَمَّا كَفَرَ قَالَ إِنِّي بَرِيءٌ مِنْكَ إِنِّي أَخَافُ اللَّهَ رَبَّ الْعَالَمِينَ
ШайтӀанах тера бу уьш, ша аьллачу адаме: '/Делах/ цатешарг хила!' Иза /Делах/ цатешарг хилча, цо элира: 'Баккъалла а, со цӀени ду хьох. Баккъалла а, со кхоьру Делах Ӏаламийн Дех!'
59:16 -
فَكَانَ عَاقِبَتَهُمَا أَنَّهُمَا فِي النَّارِ خَالِدَيْنِ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الظَّالِمِينَ
Цу шиннан (мунепикъийн а, жугтийн динан цатешачеран а) тӀаьхье хилира и шиъ жоьжахатехь хилар‚ цу чохь гуттар а лаьтташ. Иза бу зуламхойн бекхам
59:17
Гочдар: Магомед Магомедов