Сурат 59 Аль-хьашр (ДӀалахкар), аят 22 – 24
-
هُوَ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ ۖ هُوَ الرَّحْمَٰنُ الرَّحِيمُ
Иза АллахӀ (цхьа Дела) ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хуург ву Иза. Иза сов къинхетаме верг а‚ къинхетаме верг а ву
59:22 -
هُوَ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْمَلِكُ الْقُدُّوسُ السَّلَامُ الْمُؤْمِنُ الْمُهَيْمِنُ الْعَزِيزُ الْجَبَّارُ الْمُتَكَبِّرُ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Иза АллахӀ ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Паччахь ву Иза‚ /массо а боьхачу, кхоьллинчу сибатех, кхачамбацарех/ цна верг ву‚ /Шен халкъана/ машар /луш/ верг ву‚ /Шен элчанашка цаьргахула Шен муизаташ гучудахарца нахе/ ийман дуьллуьйтуш верг ву‚ /массо а хма/лашдийриг ву‚ веза верг ву‚ нуьцкъала верг ву‚ /вāла хьакъ долуш/ кура верг ву. ЦӀена ву Иза /Шеца/ цара накъост лацарх
59:23 -
هُوَ اللَّهُ الْخَالِقُ الْبَارِئُ الْمُصَوِّرُ ۖ لَهُ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ ۚ يُسَبِّحُ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Иза АллахӀ ву‚ Кхоллархо ву Иза‚ йоцучуьра хӀуманаш хуьлуьйтург а ву Иза, сурт хӀоттош верг а ву /Ша кхуллучу хманан/. Цуьнан хаза цӀерш а ю. Цунна тасбахь деш ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
59:24
Гочдар: Магомед Магомедов