Сурат 59 Аль-хьашр (ДӀалахкар), аят 7 – 8

  1. مَا أَفَاءَ اللَّهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ مِنْ أَهْلِ الْقُرَىٰ فَلِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ كَيْ لَا يَكُونَ دُولَةً بَيْنَ الْأَغْنِيَاءِ مِنْكُمْ ۚ وَمَا آتَاكُمُ الرَّسُولُ فَخُذُوهُ وَمَا نَهَاكُمْ عَنْهُ فَانْتَهُوا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    Дала Шен элчанна яртийн нахера схьаяьккхина елла хӀонс ю Далла‚ Цуьнан элчанна‚ /пайхамаран/ гергарчарна‚ боберашна‚ мискачарна‚ некъахочунна шух хьал долчу нехан долахь ца хилийтархьама. Элчано деънарг схьаэца‚ цо ца магийнарг дита: Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела чӀогӀа ву-кх таӀзар дарехь

    59:7
  2. لِلْفُقَرَاءِ الْمُهَاجِرِينَ الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ وَأَمْوَالِهِمْ يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا وَيَنْصُرُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الصَّادِقُونَ

    МухӀажирийн пекъар нахана а /ю и хӀонс/‚ шайн цӀенойх а‚ бахамах а арабехна хилла болчу‚ цара Делера къинхетам а, резалла а лахарна‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а гӀо дарна. Уьш бу бакъберш

    59:8

Гочдар: Магомед Магомедов