Сурат 59 Аль-хьашр (ДӀалахкар), аят 8 – 9

  1. لِلْفُقَرَاءِ الْمُهَاجِرِينَ الَّذِينَ أُخْرِجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ وَأَمْوَالِهِمْ يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا وَيَنْصُرُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الصَّادِقُونَ

    МухӀажирийн пекъар нахана а /ю и хӀонс/‚ шайн цӀенойх а‚ бахамах а арабехна хилла болчу‚ цара Делера къинхетам а, резалла а лахарна‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а гӀо дарна. Уьш бу бакъберш

    59:8
  2. وَالَّذِينَ تَبَوَّءُوا الدَّارَ وَالْإِيمَانَ مِنْ قَبْلِهِمْ يُحِبُّونَ مَنْ هَاجَرَ إِلَيْهِمْ وَلَا يَجِدُونَ فِي صُدُورِهِمْ حَاجَةً مِمَّا أُوتُوا وَيُؤْثِرُونَ عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ وَلَوْ كَانَ بِهِمْ خَصَاصَةٌ ۚ وَمَنْ يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Царал хьалха шайн цӀенош хилларш‚ иймана чохь чӀагӀбелларш - безаш бу шайна тӀе баьхкинарш‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухӀажиршна еллачу хӀонс бахьанехь/ хьагӀ‚ шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а. Шен дегӀ бӀаьрмецигаллах лардинарг уьш бу-кх баккхийбедар берш

    59:9

Гочдар: Магомед Магомедов