Сурат 59 Аль-хьашр (ДӀалахкар), аят 9 – 10

  1. وَالَّذِينَ تَبَوَّءُوا الدَّارَ وَالْإِيمَانَ مِنْ قَبْلِهِمْ يُحِبُّونَ مَنْ هَاجَرَ إِلَيْهِمْ وَلَا يَجِدُونَ فِي صُدُورِهِمْ حَاجَةً مِمَّا أُوتُوا وَيُؤْثِرُونَ عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ وَلَوْ كَانَ بِهِمْ خَصَاصَةٌ ۚ وَمَنْ يُوقَ شُحَّ نَفْسِهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Царал хьалха шайн цӀенош хилларш‚ иймана чохь чӀагӀбелларш - безаш бу шайна тӀе баьхкинарш‚ царна ца карайо шайн дегнашкахь /мухӀажиршна еллачу хӀонс бахьанехь/ хьагӀ‚ шайл а уьш совбоху цара, шайгахь пекъаралла хиллехь а. Шен дегӀ бӀаьрмецигаллах лардинарг уьш бу-кх баккхийбедар берш

    59:9
  2. وَالَّذِينَ جَاءُوا مِنْ بَعْدِهِمْ يَقُولُونَ رَبَّنَا اغْفِرْ لَنَا وَلِإِخْوَانِنَا الَّذِينَ سَبَقُونَا بِالْإِيمَانِ وَلَا تَجْعَلْ فِي قُلُوبِنَا غِلًّا لِلَّذِينَ آمَنُوا رَبَّنَا إِنَّكَ رَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Царал тӀаьхьа баьхкинарш а, олуш: 'Веза Дела‚ гечделахь тхуна а‚ ийманца тхол хьалхабевллачу тхан вежаршна а‚ ма хилийталахь тхан дегнашкахь ийман диллинчаьрга цабезам. Веза Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх /тхуна/ къинтӀерволург а, къинхетаме верг а' /хьакъ бу шайна хнсах дакъа кхача/

    59:10

Гочдар: Магомед Магомедов