Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 101 – 108

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَسْأَلُوا عَنْ أَشْيَاءَ إِنْ تُبْدَ لَكُمْ تَسُؤْكُمْ وَإِنْ تَسْأَلُوا عَنْهَا حِينَ يُنَزَّلُ الْقُرْآنُ تُبْدَ لَكُمْ عَفَا اللَّهُ عَنْهَا ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ حَلِيمٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Ма хетталаш цхьацца (пайда боцу) хӀуманех лаьцна‚ уьш шуна гучуялахь – шуна цатам бийр бу цара. Аш царах Къуръан дуссучу хенахь хеттахь‚ уьш шуна гучуевр ю – Дала гечдина царах. И Дела гечдеш верг а ву‚ дукха собаре верг а ву (шун таӀзар ца деш)

    5:101
  2. قَدْ سَأَلَهَا قَوْمٌ مِنْ قَبْلِكُمْ ثُمَّ أَصْبَحُوا بِهَا كَافِرِينَ

    Царах хаьттира шул хьалха цхьана къомо – тӀаккха цара керстаналла дира цуьнца

    5:102
  3. مَا جَعَلَ اللَّهُ مِنْ بَحِيرَةٍ وَلَا سَائِبَةٍ وَلَا وَصِيلَةٍ وَلَا حَامٍ ۙ وَلَٰكِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۖ وَأَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ

    Дала ца хилийтина (Дала тергал е ца боху) бахьират а‚ саибат а‚ василат а‚ хьам а‚ амма керстанаша Далла тӀекхуллуш ду харцдерг‚ царах дукхахберш кхеташ ма бац

    5:103
  4. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ تَعَالَوْا إِلَىٰ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ وَإِلَى الرَّسُولِ قَالُوا حَسْبُنَا مَا وَجَدْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا ۚ أَوَلَوْ كَانَ آبَاؤُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ شَيْئًا وَلَا يَهْتَدُونَ

    Цаьрга элча: 'Схьадуьйла Дала доссийначунна тӀе а‚ элчанна тӀе а'‚ цара олу: 'Тоам бу тхуна тхан дай шена тӀехь карийнарг'. Церан дай хӀумма хууш ца хиллехь а‚ нийсачу новкъахь ца хиллехь а? /ТӀаккха а тӀаьхьахӀутту уьш царна?/

    5:104
  5. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا عَلَيْكُمْ أَنْفُسَكُمْ ۖ لَا يَضُرُّكُمْ مَنْ ضَلَّ إِذَا اهْتَدَيْتُمْ ۚ إِلَى اللَّهِ مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًا فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    ХӀай ийман диллинарш! Шуна тхь ду аш шайн синош шаьш лашдар. Шуна зен дийр ма дац ша тилавеллачо, шу нийсачу новкъахь хиллехь. Шун массеран а дӀадерзар Деле ду‚ тӀаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг

    5:105
  6. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا شَهَادَةُ بَيْنِكُمْ إِذَا حَضَرَ أَحَدَكُمُ الْمَوْتُ حِينَ الْوَصِيَّةِ اثْنَانِ ذَوَا عَدْلٍ مِنْكُمْ أَوْ آخَرَانِ مِنْ غَيْرِكُمْ إِنْ أَنْتُمْ ضَرَبْتُمْ فِي الْأَرْضِ فَأَصَابَتْكُمْ مُصِيبَةُ الْمَوْتِ ۚ تَحْبِسُونَهُمَا مِنْ بَعْدِ الصَّلَاةِ فَيُقْسِمَانِ بِاللَّهِ إِنِ ارْتَبْتُمْ لَا نَشْتَرِي بِهِ ثَمَنًا وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰ ۙ وَلَا نَكْتُمُ شَهَادَةَ اللَّهِ إِنَّا إِذًا لَمِنَ الْآثِمِينَ

    ХӀай ийман диллинарш! Шух цхьанна, валар тӀе а деана, весет деш, шуна юккъехь тешалла дан деза шух Ӏедале волчу шиммо‚ я шух воцчу кхечу шиммо‚ нагахь санна шу новкъахь долуш, шу жаллин балано схьалаьцнехь. Уьш шиъ сацор ву /малхбузен/ ламаз динчул тӀаьхьа‚ тӀаккха цу шиммо Делаца дуй буур бу, шу шеко еш делахь: «Цуьнца мах ца оьцу оха, и /шена оха тешалла деш верг / гергара велахь а. Оха хьул ца до Делан тешалла‚ и динехь – тхо хир ма ду къинош дечарах'‚ аьлла

    5:106
  7. فَإِنْ عُثِرَ عَلَىٰ أَنَّهُمَا اسْتَحَقَّا إِثْمًا فَآخَرَانِ يَقُومَانِ مَقَامَهُمَا مِنَ الَّذِينَ اسْتَحَقَّ عَلَيْهِمُ الْأَوْلَيَانِ فَيُقْسِمَانِ بِاللَّهِ لَشَهَادَتُنَا أَحَقُّ مِنْ شَهَادَتِهِمَا وَمَا اعْتَدَيْنَا إِنَّا إِذًا لَمِنَ الظَّالِمِينَ

    Нагахь санна гучудалахь и шиъ къина хьакъ хилар – кхин шиъ хӀуттур ву церан меттана‚ хьалхалерачу шиннал /ирс эцарехь/ гергара волу. Цара шиммо дуй буур бу Делаца: 'Тхан тешалла бакъ ма ду цу шиннан тешаллал‚ тхо дозанах девлла ма дац, девллехь – тхо зулам диначарах хир ма дара'

    5:107
  8. ذَٰلِكَ أَدْنَىٰ أَنْ يَأْتُوا بِالشَّهَادَةِ عَلَىٰ وَجْهِهَا أَوْ يَخَافُوا أَنْ تُرَدَّ أَيْمَانٌ بَعْدَ أَيْمَانِهِمْ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاسْمَعُوا ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ

    И герга ду цара тешалла дарна /нийсачу/ куьцехь‚ я уьш кхоьруш хиларна /кхин/ дуйнаш баийтарх шайн дуйнел тӀаьхьа /тккха шаьш сийсаза хиларна/. Шу Делах кхералаш‚ ладугӀуш а хилалаш‚ Дала нис ца до фасикъ къам

    5:108

Гочдар: Магомед Магомедов