Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 112 – 115
-
إِذْ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ هَلْ يَسْتَطِيعُ رَبُّكَ أَنْ يُنَزِّلَ عَلَيْنَا مَائِدَةً مِنَ السَّمَاءِ ۖ قَالَ اتَّقُوا اللَّهَ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Хьавареша ма элира: 'ХIай Марьяман кIант Iийса‚ хьан Элан (Делан) ницкъ кхочур барий тхуна стиглара /даарийн/ шун охьадоссо?' Цо элира: 'Делах кхера, шу ийман долуш хиллехь '
5:112 -
قَالُوا نُرِيدُ أَنْ نَأْكُلَ مِنْهَا وَتَطْمَئِنَّ قُلُوبُنَا وَنَعْلَمَ أَنْ قَدْ صَدَقْتَنَا وَنَكُونَ عَلَيْهَا مِنَ الشَّاهِدِينَ
Цара элира: 'Тхуна лаъа цу чуьра хIума яа‚ тхан дегнаш чIагIдан /тешарца/‚ хаа лаьа тхуна хьо тхоьга бакълийна хилар (ийманах а‚ Делах а лаьцна дийцарехь)‚ тхо цунна тIехь тешаш хила а'
5:113 -
قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ اللَّهُمَّ رَبَّنَا أَنْزِلْ عَلَيْنَا مَائِدَةً مِنَ السَّمَاءِ تَكُونُ لَنَا عِيدًا لِأَوَّلِنَا وَآخِرِنَا وَآيَةً مِنْكَ ۖ وَارْزُقْنَا وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
Марьяман кIанта Iийсас элира: 'Тхан Дела – тхан Эла (Дела)‚ охьадоссадехьа тхуна стиглара шун‚ тхуна дезде (Iийд) хир дара цунах тхан хьалхарчунна а‚ тхан тIаьхьарчунна а‚ Хьоьгара делил а хир дара. Рицкъ лōлахь тхуна. Хьо рицкъ лучарах уггар диканиг ма ву'
5:114 -
قَالَ اللَّهُ إِنِّي مُنَزِّلُهَا عَلَيْكُمْ ۖ فَمَنْ يَكْفُرْ بَعْدُ مِنْكُمْ فَإِنِّي أُعَذِّبُهُ عَذَابًا لَا أُعَذِّبُهُ أَحَدًا مِنَ الْعَالَمِينَ
Дала элира: 'Ас охьадоссор ду шуна и (шун‚ даарх дуьззина). ТIаккха цул тIаьхьа шух керстаналла динчунна – ас Iазап дийр ма ду цунна Iазапца‚ Iаламашкахь цхьанна ца динчу кеппара'
5:115
Гочдар: Магомед Магомедов