Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 113 – 114

  1. قَالُوا نُرِيدُ أَنْ نَأْكُلَ مِنْهَا وَتَطْمَئِنَّ قُلُوبُنَا وَنَعْلَمَ أَنْ قَدْ صَدَقْتَنَا وَنَكُونَ عَلَيْهَا مِنَ الشَّاهِدِينَ

    Цара элира: 'Тхуна лаъа цу чуьра хӀума яа‚ тхан дегнаш чӀагӀдан /тешарца/‚ хаа лаьа тхуна хьо тхоьга бакълийна хилар (ийманах а‚ Делах а лаьцна дийцарехь)‚ тхо цунна тӀехь тешаш хила а'

    5:113
  2. قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ اللَّهُمَّ رَبَّنَا أَنْزِلْ عَلَيْنَا مَائِدَةً مِنَ السَّمَاءِ تَكُونُ لَنَا عِيدًا لِأَوَّلِنَا وَآخِرِنَا وَآيَةً مِنْكَ ۖ وَارْزُقْنَا وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ

    Марьяман кӀанта Ӏийсас элира: 'Тхан Дела – тхан Эла (Дела)‚ охьадоссадехьа тхуна стиглара шун‚ тхуна дезде (Ӏийд) хир дара цунах тхан хьалхарчунна а‚ тхан тӀаьхьарчунна а‚ Хьоьгара делил а хир дара. Рицкъ лōлахь тхуна. Хьо рицкъ лучарах уггар диканиг ма ву'

    5:114

Гочдар: Магомед Магомедов