Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 116 – 120
-
وَإِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ أَأَنْتَ قُلْتَ لِلنَّاسِ اتَّخِذُونِي وَأُمِّيَ إِلَٰهَيْنِ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ قَالَ سُبْحَانَكَ مَا يَكُونُ لِي أَنْ أَقُولَ مَا لَيْسَ لِي بِحَقٍّ ۚ إِنْ كُنْتُ قُلْتُهُ فَقَدْ عَلِمْتَهُ ۚ تَعْلَمُ مَا فِي نَفْسِي وَلَا أَعْلَمُ مَا فِي نَفْسِكَ ۚ إِنَّكَ أَنْتَ عَلَّامُ الْغُيُوبِ
Дала эр: 'ХӀай Марьяман кӀант Ӏийса‚ ахь аьллера нахе хьуо а‚ хьан нана а ши дела ву алий тӀелаца‚ АллахӀ витий‚ аьлла?' Цо эр: 'Хьо цӀанво ас‚ ма дац суна /томе/ ас āлар айса āла хьакъ доцург. Ас и аьлла хиллехьара – Хьуна и хууш хир ма дара. Хьуна ма хаа соьгахь дерг, суна ма ца хаа Хьоьгахь дерг. Баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш тх дика хуург
5:116 -
مَا قُلْتُ لَهُمْ إِلَّا مَا أَمَرْتَنِي بِهِ أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ رَبِّي وَرَبَّكُمْ ۚ وَكُنْتُ عَلَيْهِمْ شَهِيدًا مَا دُمْتُ فِيهِمْ ۖ فَلَمَّا تَوَفَّيْتَنِي كُنْتَ أَنْتَ الرَّقِيبَ عَلَيْهِمْ ۚ وَأَنْتَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
Ца элира ас цаьрга Ахь соьга шеца омра динарг бен – 'Ӏибадат делаш Далла‚ сан Эла‚ шун Эла хилла волчу'. Со царна тӀехь теш вара‚ со цаьрца мел волу‚ Ахь со Хьайга хьалаваьккхинчул тӀаьхьа Хьо ву-кх царна тӀехьожург. Хьо массо а хӀуманан теш ма ву
5:117 -
إِنْ تُعَذِّبْهُمْ فَإِنَّهُمْ عِبَادُكَ ۖ وَإِنْ تَغْفِرْ لَهُمْ فَإِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Ахь царна Ӏазап дахь а – уьш Хьан леш бу-кх‚ Ахь царна гечдахь, баккъалла а, Хьо веза верг а‚ хьукам нийса деш верг а ву-кх'
5:118 -
قَالَ اللَّهُ هَٰذَا يَوْمُ يَنْفَعُ الصَّادِقِينَ صِدْقُهُمْ ۚ لَهُمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۚ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Дала эр: 'ХӀара де ду бакълийначарна шайн бакъхиларо пайда бийр болуш‚ царна бошмаш (ялсамане) хир ю‚ шайн бухахула оьхуш хиш долуш‚ цу чохь лаьттар бу уьш гуттар а. Дела реза хуьлда царна‚ уьш а реза хуьлда Цунна – иза сийлахь-боккха толам бу-кх'
5:119 -
لِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا فِيهِنَّ ۚ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу чохь долчун а долалла‚ И ву-кх массо а хӀуманна тӀехь ницкъ берг
5:120
Гочдар: Магомед Магомедов