Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 2 – 3
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُحِلُّوا شَعَائِرَ اللَّهِ وَلَا الشَّهْرَ الْحَرَامَ وَلَا الْهَدْيَ وَلَا الْقَلَائِدَ وَلَا آمِّينَ الْبَيْتَ الْحَرَامَ يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنْ رَبِّهِمْ وَرِضْوَانًا ۚ وَإِذَا حَلَلْتُمْ فَاصْطَادُوا ۚ وَلَا يَجْرِمَنَّكُمْ شَنَآنُ قَوْمٍ أَنْ صَدُّوكُمْ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ أَنْ تَعْتَدُوا ۘ وَتَعَاوَنُوا عَلَى الْبِرِّ وَالتَّقْوَىٰ ۖ وَلَا تَعَاوَنُوا عَلَى الْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
ХIай ийман диллинарш! Аш хьанал ма де Делан Iадаташ (Дала хьарам динарг хьанал ма де)‚ хьарам беттанаш а‚ хьаьжцIа чу гIурбанна далийна долу бежана а /ма диэ и/‚ шайн логах туьтеш кхазийна долу хьайбанаш а‚ Хьарме баьхкина нах‚ шайн Кхиош-кхобучуьнгара дозалле а‚ резахиларе а догдохуш болчу /лара уьш‚ тергал де и хьурматаш/. Шаьш хьаьжалла даьстича, таллар де шайна акхарошна. /Хьалха/ шу Деза Маьждиге ца дуьтуш хилла болчаьрга шун хиллачу цабезамо шу ма дуьгийла /хIинца/ царна тIелата (Делан дозанех довларна тIе). Аш вовшийн гIо лаца диканна тIехь‚ Делах кхерарна тIехь. Аш вовшийн гIо ма лаца къинна тIехь‚ тIелатарна тIехь. Шу Делах кхера /и ца дан/. Баккъалла а, и Дела чIогIа ву бекхам барехь
5:2 -
حُرِّمَتْ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةُ وَالدَّمُ وَلَحْمُ الْخِنْزِيرِ وَمَا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ وَالْمُنْخَنِقَةُ وَالْمَوْقُوذَةُ وَالْمُتَرَدِّيَةُ وَالنَّطِيحَةُ وَمَا أَكَلَ السَّبُعُ إِلَّا مَا ذَكَّيْتُمْ وَمَا ذُبِحَ عَلَى النُّصُبِ وَأَنْ تَسْتَقْسِمُوا بِالْأَزْلَامِ ۚ ذَٰلِكُمْ فِسْقٌ ۗ الْيَوْمَ يَئِسَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ دِينِكُمْ فَلَا تَخْشَوْهُمْ وَاخْشَوْنِ ۚ الْيَوْمَ أَكْمَلْتُ لَكُمْ دِينَكُمْ وَأَتْمَمْتُ عَلَيْكُمْ نِعْمَتِي وَرَضِيتُ لَكُمُ الْإِسْلَامَ دِينًا ۚ فَمَنِ اضْطُرَّ فِي مَخْمَصَةٍ غَيْرَ مُتَجَانِفٍ لِإِثْمٍ ۙ فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Шуна хьарам йина къен елла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцчун цIе йоккхуш дийна /бежана/ а‚ лаг таIийна (са дуькъна) дийнарг а‚ шена хIума тоьхна дийнарг а‚ лакхара охьадоьжна делларг а‚ кхечо маIа тоьхна дийнарг а‚ экхано дийнарг а, аш цIандина доцург (экхано лаьцначул таьхьа аш хьакха деззачу кепара урс хаькхна делахь – мегар ду даа)‚ тлгана (цшна)лерина урс хьаькхнарг а‚ аш пхерчашца пал тесна декъна хилларг а. И фасикъ хIума ду (Далла муьтхь хиларх двалар). Тахана дог диллина керстанаша шун динах. Шу царах ма кхера. Шу Сох кхера. Тахана чекхдаьккхина Ас шуна шун дин‚ кхочушдина шуна Сайн ниIмат. Реза хилла Со Ислам шуна дин хиларца. Нагахь санна цхьанна чIогIачу мацаллехь /царах хIума/ ца ваьлла яахь, ша къа дарна тIегIерташ воцуш‚– баккъалла а, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву (цу хьарам йолчух кIеззиг хIума яа мегар ду цунна мацалла ца вала)
5:3
Гочдар: Магомед Магомедов