Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 21 – 26
-
يَا قَوْمِ ادْخُلُوا الْأَرْضَ الْمُقَدَّسَةَ الَّتِي كَتَبَ اللَّهُ لَكُمْ وَلَا تَرْتَدُّوا عَلَىٰ أَدْبَارِكُمْ فَتَنْقَلِبُوا خَاسِرِينَ
ХӀай сан къам! Чу гӀо Дала шайна /хила/ яздина долчу дезачу лаьтта (махка)‚ юха ма довла - тӀаккха шу эшначаьрга ддоьрзур ду'
5:21 -
قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِنَّ فِيهَا قَوْمًا جَبَّارِينَ وَإِنَّا لَنْ نَدْخُلَهَا حَتَّىٰ يَخْرُجُوا مِنْهَا فَإِنْ يَخْرُجُوا مِنْهَا فَإِنَّا دَاخِلُونَ
Цара элира: 'ХӀай Муса‚ цу чохь цхьа нуьцкъала къам ду‚ тхо даханне а цу чу гӀур ма дац уьш арабовлалц цу чуьра. Уьш арабевлча цу чуьра – тхо чу гӀур ду'
5:22 -
قَالَ رَجُلَانِ مِنَ الَّذِينَ يَخَافُونَ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِمَا ادْخُلُوا عَلَيْهِمُ الْبَابَ فَإِذَا دَخَلْتُمُوهُ فَإِنَّكُمْ غَالِبُونَ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَتَوَكَّلُوا إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Кхоьруш болчарах Дала шайна ниӀмат (бакъ дин) делла волчу шина стага элира: 'Чу гӀо царна неӀарехула‚ шу цу чу дахча – шу тоьлла ду. Далла тӀетовжа‚ шаьш тешаш делахь'
5:23 -
قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِنَّا لَنْ نَدْخُلَهَا أَبَدًا مَا دَامُوا فِيهَا ۖ فَاذْهَبْ أَنْتَ وَرَبُّكَ فَقَاتِلَا إِنَّا هَاهُنَا قَاعِدُونَ
Цара элира: 'ХӀай Муса‚ тхо цкъа а цу чу гӀур ма дац‚ уьш цу чохь мел бу‚ хьада хьо а, хьан Кхиош-кхобург а гӀо‚ лата шу шиъ‚ тхо кхузахь хевшина Ӏийр ду'
5:24 -
قَالَ رَبِّ إِنِّي لَا أَمْلِكُ إِلَّا نَفْسِي وَأَخِي ۖ فَافْرُقْ بَيْنَنَا وَبَيْنَ الْقَوْمِ الْفَاسِقِينَ
Цо (Мусас) элира /Деле до деш/: 'Сан Кхиош-кхобуш волу (Дела)‚ со доладеш ма вац сан син а‚ сан вешин а бен‚ дӀакъастаде тхо хӀокху фасикъ къомах /Хьан нийсачу хьукамца/'
5:25 -
قَالَ فَإِنَّهَا مُحَرَّمَةٌ عَلَيْهِمْ ۛ أَرْبَعِينَ سَنَةً ۛ يَتِيهُونَ فِي الْأَرْضِ ۚ فَلَا تَأْسَ عَلَى الْقَوْمِ الْفَاسِقِينَ
Элира /Дала/: 'Царна хьарам ю иза. Шовзткъа шарахь бевлла лелар бу уьш лаьттахула. Ахь гӀайгӀа ма е фасикъ къомах'
5:26
Гочдар: Магомед Магомедов