Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 27 – 34
-
وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ ابْنَيْ آدَمَ بِالْحَقِّ إِذْ قَرَّبَا قُرْبَانًا فَتُقُبِّلَ مِنْ أَحَدِهِمَا وَلَمْ يُتَقَبَّلْ مِنَ الْآخَرِ قَالَ لَأَقْتُلَنَّكَ ۖ قَالَ إِنَّمَا يَتَقَبَّلُ اللَّهُ مِنَ الْمُتَّقِينَ
Дийца царна Āдаман шина кӀантах (Къабилах а, ХӀабилах а) лаьцна бакъдерг. Хьахаде: цара шиммо а гӀурба дийнера‚ цхьаннан (ХӀабилан) и къобал хилира‚ вукхуьнан (Къабилан) и къобал ца хилира. Цо (Къабила) элира: 'Ас вуьйр ву хьо'. Цо (ХӀабила) элира: 'Дала къобалдо /Делах/ кхоьруш болчеран
5:27 -
لَئِنْ بَسَطْتَ إِلَيَّ يَدَكَ لِتَقْتُلَنِي مَا أَنَا بِبَاسِطٍ يَدِيَ إِلَيْكَ لِأَقْتُلَكَ ۖ إِنِّي أَخَافُ اللَّهَ رَبَّ الْعَالَمِينَ
Ахь суна хьан куьг айдахь со вен‚ ас айдийр ма дац сан куьг хьо вен. Баккъалла а, со кхоьру Делах‚ Ӏаламийн Дех
5:28 -
إِنِّي أُرِيدُ أَنْ تَبُوءَ بِإِثْمِي وَإِثْمِكَ فَتَكُونَ مِنْ أَصْحَابِ النَّارِ ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الظَّالِمِينَ
Суна лаьа хьо верза /Далла тӀе/ сан къица а‚ хьан къица а – тӀаккха хьо хир ву (жоьжахатин) цӀеран дайх (цхьаъ). И бу бекхам зуламхошна'
5:29 -
فَطَوَّعَتْ لَهُ نَفْسُهُ قَتْلَ أَخِيهِ فَقَتَلَهُ فَأَصْبَحَ مِنَ الْخَاسِرِينَ
Хаздира цунна шен сино шен ваша вен‚ цо (Къабила) и (ХӀабил) вийра‚ – и хилира эшначарех
5:30 -
فَبَعَثَ اللَّهُ غُرَابًا يَبْحَثُ فِي الْأَرْضِ لِيُرِيَهُ كَيْفَ يُوَارِي سَوْءَةَ أَخِيهِ ۚ قَالَ يَا وَيْلَتَا أَعَجَزْتُ أَنْ أَكُونَ مِثْلَ هَٰذَا الْغُرَابِ فَأُوَارِيَ سَوْءَةَ أَخِي ۖ فَأَصْبَحَ مِنَ النَّادِمِينَ
Дала къиг яхийтира латта охкуш цунна гайта‚ муха хьулдо шен вешин дакъа. Цо элира: 'ОхӀ‚ ма дакъазваьлла со‚ цу къийгах тарваллал‚ хьулдан /ца хууш/ сайн вешин дакъа'. И хилира дохкобевллачарех
5:31 -
مِنْ أَجْلِ ذَٰلِكَ كَتَبْنَا عَلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ أَنَّهُ مَنْ قَتَلَ نَفْسًا بِغَيْرِ نَفْسٍ أَوْ فَسَادٍ فِي الْأَرْضِ فَكَأَنَّمَا قَتَلَ النَّاسَ جَمِيعًا وَمَنْ أَحْيَاهَا فَكَأَنَّمَا أَحْيَا النَّاسَ جَمِيعًا ۚ وَلَقَدْ جَاءَتْهُمْ رُسُلُنَا بِالْبَيِّنَاتِ ثُمَّ إِنَّ كَثِيرًا مِنْهُمْ بَعْدَ ذَٰلِكَ فِي الْأَرْضِ لَمُسْرِفُونَ
Цуьнан дуьхьа яздира Оха Исраилан кӀенташка: са дийнарг‚ сина дуьхьал а я лаьттахь лелочу вочу хӀуманна дуьхьал а доцуш‚ массо а нах байинарг санна ву. И дендинарг – массо а нах денбинарг санна ву. Цаьрга баьхкина Тхан элчанаш билгалонашца (Делан аяташца)‚ тӀаккха, баккъалла а, дукхаберш царах цул тӀаьхьа а лаьттахь тӀаламза (Делан дозанал тхбовлурш) ма бу
5:32 -
إِنَّمَا جَزَاءُ الَّذِينَ يُحَارِبُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَسْعَوْنَ فِي الْأَرْضِ فَسَادًا أَنْ يُقَتَّلُوا أَوْ يُصَلَّبُوا أَوْ تُقَطَّعَ أَيْدِيهِمْ وَأَرْجُلُهُمْ مِنْ خِلَافٍ أَوْ يُنْفَوْا مِنَ الْأَرْضِ ۚ ذَٰلِكَ لَهُمْ خِزْيٌ فِي الدُّنْيَا ۖ وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тӀом беш болчеран а‚ лаьттахь боьханиг даржо гӀертачеран а бекхам бу уьш байар‚ я ирхъохкар‚ я церан куьйгаш а‚ когаш а хедор дуьхь-дуьхьал дерш ‚ я махкара арабахар. Иза царна дуьненахь а сийсаза хилар ду‚ эхартахь царна деза-доккха долу Ӏазап ду
5:33 -
إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا مِنْ قَبْلِ أَنْ تَقْدِرُوا عَلَيْهِمْ ۖ فَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Шу шайна тӀедерзале (шаьш жоьпе озадале) тōба дина боцурш. Шуна хаалаш, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а вуйла
5:34
Гочдар: Магомед Магомедов