Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 35 – 43
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَابْتَغُوا إِلَيْهِ الْوَسِيلَةَ وَجَاهِدُوا فِي سَبِيلِهِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цунна /муьтӀахь хиларца, Ӏибадат дарца/ гергадало некъаш лехалаш‚ Цуьнан дуьхьа къийсам латтабелаш – шу даккхийдеда там бу
5:35 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ أَنَّ لَهُمْ مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا وَمِثْلَهُ مَعَهُ لِيَفْتَدُوا بِهِ مِنْ عَذَابِ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَا تُقُبِّلَ مِنْهُمْ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Баккъалла а, керстанашна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин и саннарг хилча а къематдийнан Ӏазапна дуьхьал дала /цунах кӀелхьардовлархьама/ – къобалдийр дацара цаьргара. Царна лазош долу Ӏазап ду
5:36 -
يُرِيدُونَ أَنْ يَخْرُجُوا مِنَ النَّارِ وَمَا هُمْ بِخَارِجِينَ مِنْهَا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ مُقِيمٌ
Луур долуш бу уьш цӀергара арабовла‚ бевр бац уьш цу чуьра ара. Царна /гуттар/ лаьтташ долу Ӏазап хир ду
5:37 -
وَالسَّارِقُ وَالسَّارِقَةُ فَاقْطَعُوا أَيْدِيَهُمَا جَزَاءً بِمَا كَسَبَا نَكَالًا مِنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Къу, боьрша стеган а‚ къу зудчун а, – дӀахедаде церан шиннан а куьйгаш цара лачкъийначунна дуьхьал бекхамна, Делера таӀзарна. И Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
5:38 -
فَمَنْ تَابَ مِنْ بَعْدِ ظُلْمِهِ وَأَصْلَحَ فَإِنَّ اللَّهَ يَتُوبُ عَلَيْهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Шен зуламал тӀаьхьа тōба динарг а‚ тӀаккха дика Ӏамалш йинарг а, – баккъалла а, Дала тōба къобалдийр ду цуьнан. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву
5:39 -
أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ يُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ وَيَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Хьуна ца хаьа, и Дела хилар стигланийн а‚ лаьттан а долалла Шегахь долуш? Шена луучунна Ӏазап до Цо‚ Шена луучунна гечдо. И Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ болуш ву
5:40 -
يَا أَيُّهَا الرَّسُولُ لَا يَحْزُنْكَ الَّذِينَ يُسَارِعُونَ فِي الْكُفْرِ مِنَ الَّذِينَ قَالُوا آمَنَّا بِأَفْوَاهِهِمْ وَلَمْ تُؤْمِنْ قُلُوبُهُمْ ۛ وَمِنَ الَّذِينَ هَادُوا ۛ سَمَّاعُونَ لِلْكَذِبِ سَمَّاعُونَ لِقَوْمٍ آخَرِينَ لَمْ يَأْتُوكَ ۖ يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ مِنْ بَعْدِ مَوَاضِعِهِ ۖ يَقُولُونَ إِنْ أُوتِيتُمْ هَٰذَا فَخُذُوهُ وَإِنْ لَمْ تُؤْتَوْهُ فَاحْذَرُوا ۚ وَمَنْ يُرِدِ اللَّهُ فِتْنَتَهُ فَلَنْ تَمْلِكَ لَهُ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۚ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَمْ يُرِدِ اللَّهُ أَنْ يُطَهِّرَ قُلُوبَهُمْ ۚ لَهُمْ فِي الدُّنْيَا خِزْيٌ ۖ وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ
ХӀай элча! Хьо сингаттаме ма войла керстаналлехь сихбеллачара‚ уьш хиллехь а шаьш багахь аьллачарах: 'Тешна тхо' - тешна дац церан дегнаш; уьш хиллехь а шаьш харцдолчуьнга ладоьгш хиллачу, шаьш хьо волчу /куралла еш, ца бешаш / ца баьхкинчу кхечу нахе ладоьгш хиллачу жуьгтех. Уьш бу дош шен меттигера дӀадоккхуш‚ кхечухьа хӀиттош. Цара олу: 'И шайга деллехь – схьалаца‚ шайга ца деллехь – ларло'. Дала шена питана лууш волчунна – цунна Делера цхьанна хӀуманна доладийр дац ахь. Уьш бу Далла шайн дегнаш цӀандан ца лууш берш. Царна дуьненахь сийсазалла ю‚ эхартахь царна деза-доккха Ӏазап ду
5:41 -
سَمَّاعُونَ لِلْكَذِبِ أَكَّالُونَ لِلسُّحْتِ ۚ فَإِنْ جَاءُوكَ فَاحْكُمْ بَيْنَهُمْ أَوْ أَعْرِضْ عَنْهُمْ ۖ وَإِنْ تُعْرِضْ عَنْهُمْ فَلَنْ يَضُرُّوكَ شَيْئًا ۖ وَإِنْ حَكَمْتَ فَاحْكُمْ بَيْنَهُمْ بِالْقِسْطِ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُقْسِطِينَ
ЛадоьгӀурш бу уьш харцдолчуьнга‚ юурш бу уьш хьарам мел ерг. Уьш хьо волчу багӀахь‚ хьукам де царна юккъехь‚ я дӀаверза царах. Хьо царах дӀавирзича‚ хӀумма зен дийр дац цара хьуна. Айхьа хьукам деш‚ нийсонца хьукам де царна юккъехь. Баккъалла а, Далла беза нийсо лелораш
5:42 -
وَكَيْفَ يُحَكِّمُونَكَ وَعِنْدَهُمُ التَّوْرَاةُ فِيهَا حُكْمُ اللَّهِ ثُمَّ يَتَوَلَّوْنَ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ ۚ وَمَا أُولَٰئِكَ بِالْمُؤْمِنِينَ
Хьоьга хьукам муха дойту цара? Цаьргахь Таврат ма дуй‚ шена чохь Делан хьукам долуш! ТӀаккха цул тӀаьхьа а дӀабоьрзу уьш /Делан некъах/ – бац уьш муъмин нах
5:43
Гочдар: Магомед Магомедов