Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 51 – 56

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا الْيَهُودَ وَالنَّصَارَىٰ أَوْلِيَاءَ ۘ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۚ وَمَنْ يَتَوَلَّهُمْ مِنْكُمْ فَإِنَّهُ مِنْهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    ХӀай ийман диллинарш! Аш ма леца жуьгтий а‚ насараш а шайна доттагӀий. Царах цхьаберш доттагӀий бу вукхарна. Шух царах шена доттагӀий лецнарг, – баккъалла а, и царах ву. Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам

    5:51
  2. فَتَرَى الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ يُسَارِعُونَ فِيهِمْ يَقُولُونَ نَخْشَىٰ أَنْ تُصِيبَنَا دَائِرَةٌ ۚ فَعَسَى اللَّهُ أَنْ يَأْتِيَ بِالْفَتْحِ أَوْ أَمْرٍ مِنْ عِنْدِهِ فَيُصْبِحُوا عَلَىٰ مَا أَسَرُّوا فِي أَنْفُسِهِمْ نَادِمِينَ

    Хьуна гуш бу и шайн дегнашкахь цамгар ерш (фасикъаш я мунепикъаш) сихлуш цаьргахь‚ олуш: 'Тхо кхоьруш ду тхуна /хӀара/ гӀуллакх цхьана балане дхьовза'. Дала тарло Шегара толам бала‚ я цхьа гӀуллакх дан – тӀаккха уьш ма буьсу шаьш хьулдинчух шайлахь дохкобевлла

    5:52
  3. وَيَقُولُ الَّذِينَ آمَنُوا أَهَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ أَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ ۙ إِنَّهُمْ لَمَعَكُمْ ۚ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فَأَصْبَحُوا خَاسِرِينَ

    Ийман диллинчара олу /жуьгташка, мунепикъийн хьолах цецбовлий/: хӀорш бу и шайн чӀогӀа дуйнаш Делаца биънарш, шаьш баккъалла а, шуьца ду‚ бохуш? Йоьхна церан Ӏамалш. Эшнарш хили уьш

    5:53
  4. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا مَنْ يَرْتَدَّ مِنْكُمْ عَنْ دِينِهِ فَسَوْفَ يَأْتِي اللَّهُ بِقَوْمٍ يُحِبُّهُمْ وَيُحِبُّونَهُ أَذِلَّةٍ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ أَعِزَّةٍ عَلَى الْكَافِرِينَ يُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلَا يَخَافُونَ لَوْمَةَ لَائِمٍ ۚ ذَٰلِكَ فَضْلُ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Шух милла шен (ислам) динера дӀаваьлча – тӀаккха доуьйтур ду Дала цхьа къам‚ Цунна (Далла) уьш безаш‚ царна Иза везаш‚ муъмин нахана шаьш атта а болуш‚ керстанашна хала а болуш‚ Делан новкъахь къуьйсуш‚ тӀехтохам бечун тӀехтохамах ца кхоьруш. И Делан дозалла ду‚ Шена луучунна и доуьйту Цо. И Дела шорто йолуш а ву‚ Ӏилма долуш а ву

    5:54
  5. إِنَّمَا وَلِيُّكُمُ اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَالَّذِينَ آمَنُوا الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ رَاكِعُونَ

    Баккъалла а, шун доттагӀ Дела ву‚ Цуьнан элча ву‚ ийман диллинарш а бу‚ шаьш ламаз хӀоттадеш болу‚ шаьш закат а луш болу‚ шаьш/Цунна/ гуорахьттуш а болу

    5:55
  6. وَمَنْ يَتَوَلَّ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَالَّذِينَ آمَنُوا فَإِنَّ حِزْبَ اللَّهِ هُمُ الْغَالِبُونَ

    Дела а‚ Цуьнан элча а, ийман диллинарш а доттагӀий лаьцнарг – баккъалла а, Делан тобанан /нах бу уьш/ - уьш бу толам боккхур берш

    5:56

Гочдар: Магомед Магомедов