Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 54 – 55

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا مَنْ يَرْتَدَّ مِنْكُمْ عَنْ دِينِهِ فَسَوْفَ يَأْتِي اللَّهُ بِقَوْمٍ يُحِبُّهُمْ وَيُحِبُّونَهُ أَذِلَّةٍ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ أَعِزَّةٍ عَلَى الْكَافِرِينَ يُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلَا يَخَافُونَ لَوْمَةَ لَائِمٍ ۚ ذَٰلِكَ فَضْلُ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Шух милла шен (ислам) динера дӀаваьлча – тӀаккха доуьйтур ду Дала цхьа къам‚ Цунна (Далла) уьш безаш‚ царна Иза везаш‚ муъмин нахана шаьш атта а болуш‚ керстанашна хала а болуш‚ Делан новкъахь къуьйсуш‚ тӀехтохам бечун тӀехтохамах ца кхоьруш. И Делан дозалла ду‚ Шена луучунна и доуьйту Цо. И Дела шорто йолуш а ву‚ Ӏилма долуш а ву

    5:54
  2. إِنَّمَا وَلِيُّكُمُ اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَالَّذِينَ آمَنُوا الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ رَاكِعُونَ

    Баккъалла а, шун доттагӀ Дела ву‚ Цуьнан элча ву‚ ийман диллинарш а бу‚ шаьш ламаз хӀоттадеш болу‚ шаьш закат а луш болу‚ шаьш/Цунна/ гуорахьттуш а болу

    5:55

Гочдар: Магомед Магомедов