Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 57 – 66

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا الَّذِينَ اتَّخَذُوا دِينَكُمْ هُزُوًا وَلَعِبًا مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكُمْ وَالْكُفَّارَ أَوْلِيَاءَ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    ХӀай ийман диллинарш! Аш ма леца, шун дин беламе а‚ ловзаре а даьккхина, шул хьалха шайга жайна даийтинчарах берш а‚ керстанаш а доттагӀий. Шу Делах кхера, шаьш ийман диллина делахь

    5:57
  2. وَإِذَا نَادَيْتُمْ إِلَى الصَّلَاةِ اتَّخَذُوهَا هُزُوًا وَلَعِبًا ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَعْقِلُونَ

    Аш ламазе кхайкхича, и беламе а‚ ловзаре а оьцу цара. И ду уьш хиларна, шаьш ойла ца еш долу къам

    5:58
  3. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ هَلْ تَنْقِمُونَ مِنَّا إِلَّا أَنْ آمَنَّا بِاللَّهِ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْنَا وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلُ وَأَنَّ أَكْثَرَكُمْ فَاسِقُونَ

    Ахь āла: 'ХӀай жайнан охӀла! Аш бекхам бо тхуна деккъа Оха ийман диллина хиларна Деле‚ тхайга доссийначуьнга а‚ хьалха доссийначуьнга а‚ шух дукхахберш фасикъаш хиларна а'

    5:59
  4. قُلْ هَلْ أُنَبِّئُكُمْ بِشَرٍّ مِنْ ذَٰلِكَ مَثُوبَةً عِنْدَ اللَّهِ ۚ مَنْ لَعَنَهُ اللَّهُ وَغَضِبَ عَلَيْهِ وَجَعَلَ مِنْهُمُ الْقِرَدَةَ وَالْخَنَازِيرَ وَعَبَدَ الطَّاغُوتَ ۚ أُولَٰئِكَ شَرٌّ مَكَانًا وَأَضَلُّ عَنْ سَوَاءِ السَّبِيلِ

    Ахь āла: 'Ас дӀахоуьйтий шуьга цул а вониг бекхам хиларца Делан гергахьара? Уьш бу Дала шайна неӀалт аьлларш‚ И шайна оьгӀазвахнарш‚ Цо шайх маймалш а‚ хьакхарчий а йинарш а‚ тӀагӀутана шаьш Ӏибадат динарш а. Уьш бу вонаш (шайна хир йолчу) меттигца‚ уггар тилабелла берш нийсачу некъах'

    5:60
  5. وَإِذَا جَاءُوكُمْ قَالُوا آمَنَّا وَقَدْ دَخَلُوا بِالْكُفْرِ وَهُمْ قَدْ خَرَجُوا بِهِ ۚ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا كَانُوا يَكْتُمُونَ

    Шу долчу баьхкича /жуьгтийн мунепикъаш/, цара олу: 'Тхо ийман диллина ду'‚ уьш-м /шу долчу/ баьхкина ма бара керстаналлица‚ – уьш /шу долчуьра/ ара ма бевли цуьнца. И Дела дика хууш ву-кх цара хьулдеш хилларг

    5:61
  6. وَتَرَىٰ كَثِيرًا مِنْهُمْ يُسَارِعُونَ فِي الْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَأَكْلِهِمُ السُّحْتَ ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Хьуна го царах дукхаберш сихлуш къа дарехь а‚ мостагӀалла лелорехь а‚ хьарам хӀума даарехь а. Ма вон хӀума ду-кх цара деш хилларг!

    5:62
  7. لَوْلَا يَنْهَاهُمُ الرَّبَّانِيُّونَ وَالْأَحْبَارُ عَنْ قَوْلِهِمُ الْإِثْمَ وَأَكْلِهِمُ السُّحْتَ ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُوا يَصْنَعُونَ

    Уьш духа хӀунда ца туху раббанаша а‚ ахьбараша а къахиларан дашах а‚ хьарам мел дерг а цара даарх а? Ма вон ду цара деш хилларг!

    5:63
  8. وَقَالَتِ الْيَهُودُ يَدُ اللَّهِ مَغْلُولَةٌ ۚ غُلَّتْ أَيْدِيهِمْ وَلُعِنُوا بِمَا قَالُوا ۘ بَلْ يَدَاهُ مَبْسُوطَتَانِ يُنْفِقُ كَيْفَ يَشَاءُ ۚ وَلَيَزِيدَنَّ كَثِيرًا مِنْهُمْ مَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ طُغْيَانًا وَكُفْرًا ۚ وَأَلْقَيْنَا بَيْنَهُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاءَ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۚ كُلَّمَا أَوْقَدُوا نَارًا لِلْحَرْبِ أَطْفَأَهَا اللَّهُ ۚ وَيَسْعَوْنَ فِي الْأَرْضِ فَسَادًا ۚ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُفْسِدِينَ

    Жуьгташа элира: 'Делан куьг дихкина ду'. Куьйгаш дихкина-кх церан. НеӀалт аьлла царна шаьш дуьйцург бахьанехь. Цуьнан (Делан) ши куьг даржийна ду‚ Шена луучунна рицкъ луш ву И. Царах дукхаберш совбохур бу хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьоьга доссийначо /Делан / дозанех бовларца а, керстаналлица а. Царна юкъа мостагӀалла а‚ оьгӀазло а кхоьссина Оха къематде кхаччалц. Цара цӀе мел латий тӀамна‚ Дала яйира и. Лаьттахь боьха дерг даржадо цара. Далла безац боьханиг деш берш

    5:64
  9. وَلَوْ أَنَّ أَهْلَ الْكِتَابِ آمَنُوا وَاتَّقَوْا لَكَفَّرْنَا عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَلَأَدْخَلْنَاهُمْ جَنَّاتِ النَّعِيمِ

    Жайнан охӀлано ийман диллина хиллехьара‚ /Делах/ кхоьруш хиллехьара‚ церан вонаш (къинош) дӀадохур дара Оха царах‚ ниӀматан ялсаманичу бохийтур бара уьш

    5:65
  10. وَلَوْ أَنَّهُمْ أَقَامُوا التَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْهِمْ مِنْ رَبِّهِمْ لَأَكَلُوا مِنْ فَوْقِهِمْ وَمِنْ تَحْتِ أَرْجُلِهِمْ ۚ مِنْهُمْ أُمَّةٌ مُقْتَصِدَةٌ ۖ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ سَاءَ مَا يَعْمَلُونَ

    Таврат а‚ Инжил а‚ /кхин/ шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга охьадоссийнарг (хра сийлахь долу Къуръан) хӀоттадеш уьш белахьара‚ шайна лакхахь а‚ когий бухахь а дерг дуур дара цара. Царах нийса уммат а ду. Царах дукхаберш вон хилла шаьш дечуьнца

    5:66

Гочдар: Магомед Магомедов