Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 6 – 11
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا قُمْتُمْ إِلَى الصَّلَاةِ فَاغْسِلُوا وُجُوهَكُمْ وَأَيْدِيَكُمْ إِلَى الْمَرَافِقِ وَامْسَحُوا بِرُءُوسِكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ إِلَى الْكَعْبَيْنِ ۚ وَإِنْ كُنْتُمْ جُنُبًا فَاطَّهَّرُوا ۚ وَإِنْ كُنْتُمْ مَرْضَىٰ أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ أَوْ جَاءَ أَحَدٌ مِنْكُمْ مِنَ الْغَائِطِ أَوْ لَامَسْتُمُ النِّسَاءَ فَلَمْ تَجِدُوا مَاءً فَتَيَمَّمُوا صَعِيدًا طَيِّبًا فَامْسَحُوا بِوُجُوهِكُمْ وَأَيْدِيكُمْ مِنْهُ ۚ مَا يُرِيدُ اللَّهُ لِيَجْعَلَ عَلَيْكُمْ مِنْ حَرَجٍ وَلَٰكِنْ يُرِيدُ لِيُطَهِّرَكُمْ وَلِيُتِمَّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكُمْ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Шаьш ламазна тхӀуьттуш (ламазна кечлуш), шайн яххьаш йила‚ куьйгаш а дила голашка кхаччалц‚ шайн коьртах /хьаж тра ксаркгчу кхаччалц хица тдийна шина куьйган плгаш д-схьа/ хьакха‚ когаш била хьорканашка кхаччалц. Шайна тхь хи делахь – лийча. Нагахь санна шу цомгуш делахь‚ я новкъахь делахь‚ я шух цхьаъ цнонна ваханчуьра веънехь‚ я шу зударех хьакхаделлехь‚ шуна хи ца карадахь – тема де цӀенчу латтаца. Аш хьакха цунах (латтах) шайн яххьех а‚ куьйгех а. Шуна хало ян лууш вац Дела‚ мухха делахь а, шу цӀандан лууш ву И Шен ниӀмат шуна кхочушхилийтархьама‚ шу хилахьара баркалла олуш
5:6 -
وَاذْكُرُوا نِعْمَةَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَمِيثَاقَهُ الَّذِي وَاثَقَكُمْ بِهِ إِذْ قُلْتُمْ سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниӀмат‚ Цуьнан барт Ша шуьца бина хилла болу‚ шаьш āлар /дагадаийта/: 'Ладугш а ду, муьтӀахь а ду'‚ аьлла. Шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела Ша хууш ма ву дегнашкахь дерг
5:7 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُونُوا قَوَّامِينَ لِلَّهِ شُهَدَاءَ بِالْقِسْطِ ۖ وَلَا يَجْرِمَنَّكُمْ شَنَآنُ قَوْمٍ عَلَىٰ أَلَّا تَعْدِلُوا ۚ اعْدِلُوا هُوَ أَقْرَبُ لِلتَّقْوَىٰ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Шу хилалаш хӀиттина Далла тешаш хилла нийсонца. Цхьана нахе болчу цабезамо шу диггане а ма дуьгийла нийсо цаярна тӀе. Нийсо елаш‚ и герга ю Делах кхерарна‚ шу Делах кхералаш. Баккъалла а, и Дела сов дика хууш ву аш дийриг
5:8 -
وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ ۙ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ عَظِيمٌ
Дала ваӀда йина ийман диллинчарна а‚ дика Ӏамалш йиначарна а – царна хир ду гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял а
5:9 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
/Дин/ керстадина‚ Тхан аяташ харцдинарш – уьш бу жоьжахатин дай
5:10 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ هَمَّ قَوْمٌ أَنْ يَبْسُطُوا إِلَيْكُمْ أَيْدِيَهُمْ فَكَفَّ أَيْدِيَهُمْ عَنْكُمْ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Аш дагадаийта шайна тӀехь хилла долу Делан ниӀмат. Цхьа къам ма дарий бала кхаьчна шуна тӀе куьйгаш кховдо – Цо духатеттира шух церан куьйгаш. Шу Делах кхералаш‚ Далла тӀетевжийла муъмин нах
5:11
Гочдар: Магомед Магомедов