Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 67 – 77

  1. يَا أَيُّهَا الرَّسُولُ بَلِّغْ مَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ ۖ وَإِنْ لَمْ تَفْعَلْ فَمَا بَلَّغْتَ رِسَالَتَهُ ۚ وَاللَّهُ يَعْصِمُكَ مِنَ النَّاسِ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ

    ХӀай элча! ДӀакхачаде хьайга хьан Кхиош-кхобучуьнгара охьадоссийнарг. Ахь и ца дахь – ахь кхочуш ца дина Цуьнан элчалла. Дала ларвийр ву хьо нахах. Баккъалла а, Дала ца нисдо керста къам

    5:67
  2. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لَسْتُمْ عَلَىٰ شَيْءٍ حَتَّىٰ تُقِيمُوا التَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْكُمْ مِنْ رَبِّكُمْ ۗ وَلَيَزِيدَنَّ كَثِيرًا مِنْهُمْ مَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ طُغْيَانًا وَكُفْرًا ۖ فَلَا تَأْسَ عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ

    Ахь āла: 'ХӀай жайнан охӀла! Шу цхьанна а хӀуманна декъахь дац аш Таврат а‚ Инжил а‚ кхин шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга доссинарг а хӀоттадалц'. Хьоьга хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинчо алсамбахаза буьтур ма бац царах дукхаберш /Делан / дозанех бовларехь а, керстаналлехь а. Хьо сингаттаме ма хила керста къам бахьанехь

    5:68
  3. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَادُوا وَالصَّابِئُونَ وَالنَّصَارَىٰ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَعَمِلَ صَالِحًا فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Баккъалла а, ийман диллинарш (бусалбанаш) а‚ жуьгтий а‚ сабиунаш а‚ насараш а – /царах/ Деле а‚ тӀаьхьарчу дийне а ийман а диллинарш‚ дика Ӏамал а йинарш /муьлш белахь а/ –/къематдийнан ирчаллин/ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш /дуьненахь бухадиснарг бахьанехь/ сингаттаме а хир ма бац

    5:69
  4. لَقَدْ أَخَذْنَا مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَأَرْسَلْنَا إِلَيْهِمْ رُسُلًا ۖ كُلَّمَا جَاءَهُمْ رَسُولٌ بِمَا لَا تَهْوَىٰ أَنْفُسُهُمْ فَرِيقًا كَذَّبُوا وَفَرِيقًا يَقْتُلُونَ

    Исраилан кӀенташца барт бира Оха /цара Деле а‚ цуьнан элчанашка а ийман дуьллур ду, аьлла/‚ цаьрга элчанаш а бахкийтира. Шайга элча мосазза веъча а‚ шайн синошна дезарг ца дохьуш‚ цхьаберш харцбора цара‚ цхьаберш бойу цара

    5:70
  5. وَحَسِبُوا أَلَّا تَكُونَ فِتْنَةٌ فَعَمُوا وَصَمُّوا ثُمَّ تَابَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ ثُمَّ عَمُوا وَصَمُّوا كَثِيرٌ مِنْهُمْ ۚ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ

    Царна моьтттура питана хир дац‚ бӀаьрзе а‚ къора а хилира уьш‚ тӀаккха Дала царна гечдира. ТӀаккха царах дукхаберш /юха а/ бӀаьрзе а‚ къора а хилира. Дела гуш ма ву цара дийриг

    5:71
  6. لَقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ هُوَ الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ ۖ وَقَالَ الْمَسِيحُ يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اعْبُدُوا اللَّهَ رَبِّي وَرَبَّكُمْ ۖ إِنَّهُ مَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدْ حَرَّمَ اللَّهُ عَلَيْهِ الْجَنَّةَ وَمَأْوَاهُ النَّارُ ۖ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنْصَارٍ

    Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: 'Баккъалла а, Дела – Марьяман кӀант Масūхь ву' (Ӏийса). Масūхьа аьлла: 'ХӀай Исраилан кӀентий! АллахӀана Ӏибадат де – сан Далла а‚ шайн Далла а. Баккъалла а, милла велахь а, Делаца накъост лаьцна‚ Дала цунна хьарам йина ялсамани‚ цуьнан чугӀойла (жоьжахатин) цӀе ю. Зуламхошна гӀоьнчий ма бац”

    5:72
  7. لَقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ ثَالِثُ ثَلَاثَةٍ ۘ وَمَا مِنْ إِلَٰهٍ إِلَّا إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۚ وَإِنْ لَمْ يَنْتَهُوا عَمَّا يَقُولُونَ لَيَمَسَّنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: 'Баккъалла а, Дела ву кхааннах кхоалгӀаниг'. Цхьа а кхин Дела вац И Ша цхьа Дела воцург. Шаьш олучух уьш ца совцахь – царах шаьш керстанаш хиллачарах лазош долу Ӏазап хьакхалур ма ду

    5:73
  8. أَفَلَا يَتُوبُونَ إِلَى اللَّهِ وَيَسْتَغْفِرُونَهُ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Деле тōба хӀунда ца до цара‚ Цуьнга гечдар а хӀунда ца доьху? И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву

    5:74
  9. مَا الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ إِلَّا رَسُولٌ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِ الرُّسُلُ وَأُمُّهُ صِدِّيقَةٌ ۖ كَانَا يَأْكُلَانِ الطَّعَامَ ۗ انْظُرْ كَيْفَ نُبَيِّنُ لَهُمُ الْآيَاتِ ثُمَّ انْظُرْ أَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ

    Марьяман кӀант Масūхь ма вац элча бен‚ цул хьалха а дӀабахана элчанаш‚ цуьнан нана ю уггар бакълуьйш ерг. Уьш ший а хилла кхача бууш. Хьажал‚ муха билгалдеш ду Тхо царна аяташ‚ тӀаккха а хьажал‚ муха Ӏехийна уьш (шайтӀано)

    5:75
  10. قُلْ أَتَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَمْلِكُ لَكُمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا ۚ وَاللَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Ахь āла: 'Аш Ӏибадат до ткъа, Дела а вуьтий, шен долахь шайна зен а‚ я пайда а боцучунна? И Дела Ша хезаш а‚ хууш а ма ву'

    5:76
  11. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لَا تَغْلُوا فِي دِينِكُمْ غَيْرَ الْحَقِّ وَلَا تَتَّبِعُوا أَهْوَاءَ قَوْمٍ قَدْ ضَلُّوا مِنْ قَبْلُ وَأَضَلُّوا كَثِيرًا وَضَلُّوا عَنْ سَوَاءِ السَّبِيلِ

    Ахь āла: 'ХӀай жайнан охӀла‚ шайн динехь дукха тӀех ма довла бакъдерг доцучохь‚ шу тӀаьхьа ма хӀитта цхьана къоман дезаршна‚ ша хьалха тиладелла долчу къоманна‚ цо дукхаберш тилийна‚ нийсачу новкъах ша а тиладелла'

    5:77

Гочдар: Магомед Магомедов