Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 72 – 76
-
لَقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ هُوَ الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ ۖ وَقَالَ الْمَسِيحُ يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اعْبُدُوا اللَّهَ رَبِّي وَرَبَّكُمْ ۖ إِنَّهُ مَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدْ حَرَّمَ اللَّهُ عَلَيْهِ الْجَنَّةَ وَمَأْوَاهُ النَّارُ ۖ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنْصَارٍ
Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: 'Баккъалла а, Дела – Марьяман кӀант Масūхь ву' (Ӏийса). Масūхьа аьлла: 'ХӀай Исраилан кӀентий! АллахӀана Ӏибадат де – сан Далла а‚ шайн Далла а. Баккъалла а, милла велахь а, Делаца накъост лаьцна‚ Дала цунна хьарам йина ялсамани‚ цуьнан чугӀойла (жоьжахатин) цӀе ю. Зуламхошна гӀоьнчий ма бац”
5:72 -
لَقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ ثَالِثُ ثَلَاثَةٍ ۘ وَمَا مِنْ إِلَٰهٍ إِلَّا إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۚ وَإِنْ لَمْ يَنْتَهُوا عَمَّا يَقُولُونَ لَيَمَسَّنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: 'Баккъалла а, Дела ву кхааннах кхоалгӀаниг'. Цхьа а кхин Дела вац И Ша цхьа Дела воцург. Шаьш олучух уьш ца совцахь – царах шаьш керстанаш хиллачарах лазош долу Ӏазап хьакхалур ма ду
5:73 -
أَفَلَا يَتُوبُونَ إِلَى اللَّهِ وَيَسْتَغْفِرُونَهُ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Деле тōба хӀунда ца до цара‚ Цуьнга гечдар а хӀунда ца доьху? И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву
5:74 -
مَا الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ إِلَّا رَسُولٌ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِ الرُّسُلُ وَأُمُّهُ صِدِّيقَةٌ ۖ كَانَا يَأْكُلَانِ الطَّعَامَ ۗ انْظُرْ كَيْفَ نُبَيِّنُ لَهُمُ الْآيَاتِ ثُمَّ انْظُرْ أَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ
Марьяман кӀант Масūхь ма вац элча бен‚ цул хьалха а дӀабахана элчанаш‚ цуьнан нана ю уггар бакълуьйш ерг. Уьш ший а хилла кхача бууш. Хьажал‚ муха билгалдеш ду Тхо царна аяташ‚ тӀаккха а хьажал‚ муха Ӏехийна уьш (шайтӀано)
5:75 -
قُلْ أَتَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَمْلِكُ لَكُمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا ۚ وَاللَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Ахь āла: 'Аш Ӏибадат до ткъа, Дела а вуьтий, шен долахь шайна зен а‚ я пайда а боцучунна? И Дела Ша хезаш а‚ хууш а ма ву'
5:76
Гочдар: Магомед Магомедов