Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 87 – 93
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُحَرِّمُوا طَيِّبَاتِ مَا أَحَلَّ اللَّهُ لَكُمْ وَلَا تَعْتَدُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْمُعْتَدِينَ
ХӀай ийман диллинарш! Аш хьарам ма елаш Дала шайн хьанал йина цӀена хӀуманаш‚ шу /Делан/ дозанех ма довлалаш. Баккъалла а, Далла ца беза /Шен/ дозанех бовлурш
5:87 -
وَكُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ حَلَالًا طَيِّبًا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي أَنْتُمْ بِهِ مُؤْمِنُونَ
Аш даа Оха шайна деллачу рицкъанах хьанал а, цӀена а дерг‚ шу Делах кхералуш‚ шу Шех тешаш волчу
5:88 -
لَا يُؤَاخِذُكُمُ اللَّهُ بِاللَّغْوِ فِي أَيْمَانِكُمْ وَلَٰكِنْ يُؤَاخِذُكُمْ بِمَا عَقَّدْتُمُ الْأَيْمَانَ ۖ فَكَفَّارَتُهُ إِطْعَامُ عَشَرَةِ مَسَاكِينَ مِنْ أَوْسَطِ مَا تُطْعِمُونَ أَهْلِيكُمْ أَوْ كِسْوَتُهُمْ أَوْ تَحْرِيرُ رَقَبَةٍ ۖ فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلَاثَةِ أَيَّامٍ ۚ ذَٰلِكَ كَفَّارَةُ أَيْمَانِكُمْ إِذَا حَلَفْتُمْ ۚ وَاحْفَظُوا أَيْمَانَكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Дала ца лоцу шу (бехке) шун дуйнашкахь (ца хууш) багах даьллачуьнца‚ амма Цо лоцу шу (бехке) дуйнашца аш чӀагӀдина хиллачуьнца. Цуьнан каффарат ду итт мискачунна кхача баор‚ юкъара аш шайн охӀланна баош ма хуьлу, я царна духар далар а‚ я лай азатваккхар (паргтваккхар)а. И ца карийначунна – кхаа дийнахь марха кхабар. И ду, аш биъча, шун дуйнийн каффарат. Ларде шайн дуйнаш. Иштта билгалдоху шуна Дала Шен аяташ, шу хилархьама баркалла олуш
5:89 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّمَا الْخَمْرُ وَالْمَيْسِرُ وَالْأَنْصَابُ وَالْأَزْلَامُ رِجْسٌ مِنْ عَمَلِ الشَّيْطَانِ فَاجْتَنِبُوهُ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
ХӀай ийман диллинарш! ЧагӀар а‚ майсир а‚ цӀуш а‚ пхерчий а – шайтӀанан белхан рижс (боьха хма) ю‚ генадовла цунна – шу даккхийде тарло
5:90 -
إِنَّمَا يُرِيدُ الشَّيْطَانُ أَنْ يُوقِعَ بَيْنَكُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاءَ فِي الْخَمْرِ وَالْمَيْسِرِ وَيَصُدَّكُمْ عَنْ ذِكْرِ اللَّهِ وَعَنِ الصَّلَاةِ ۖ فَهَلْ أَنْتُمْ مُنْتَهُونَ
ШайтӀанна лаьа чагӀарца а‚ майсирца а шуна юккъе мостагӀалла а‚ оьгӀазло а йожо‚ Делан цӀе яккхарх а‚ ламазах а шу духатоха а. Аш ца соцуьйту?!
5:91 -
وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ وَاحْذَرُوا ۚ فَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَاعْلَمُوا أَنَّمَا عَلَىٰ رَسُولِنَا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
Шу муьтӀахь хилалаш Далла‚ шу муьтӀахь хилалаш элчанна‚ ларлолаш /вочух/. Шу дӀадерзахь‚ шуна хаалаш: Тхан элчанна тӀехь ду билгала дӀакхачор
5:92 -
لَيْسَ عَلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جُنَاحٌ فِيمَا طَعِمُوا إِذَا مَا اتَّقَوْا وَآمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ ثُمَّ اتَّقَوْا وَآمَنُوا ثُمَّ اتَّقَوْا وَأَحْسَنُوا ۗ وَاللَّهُ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Ийман диллинчарна‚ дика Ӏамалш йиначарна къа дац цара /хьалха/ диъначунна уьш кхоьруш хилча‚ ийман а диллича‚ дика Ӏамалш а йича‚ тӀаккха а кхоьруш хилча‚ ийман диллича, юха а /вочух/ кхоьруш хилча, диканиг деш хилча. Далла беза диканиг деш берш
5:93
Гочдар: Магомед Магомедов