Сурат 60 Аль-мумтахьана (Зуьйш ерг), аят 1 – 2
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّخِذُوا عَدُوِّي وَعَدُوَّكُمْ أَوْلِيَاءَ تُلْقُونَ إِلَيْهِمْ بِالْمَوَدَّةِ وَقَدْ كَفَرُوا بِمَا جَاءَكُمْ مِنَ الْحَقِّ يُخْرِجُونَ الرَّسُولَ وَإِيَّاكُمْ ۙ أَنْ تُؤْمِنُوا بِاللَّهِ رَبِّكُمْ إِنْ كُنْتُمْ خَرَجْتُمْ جِهَادًا فِي سَبِيلِي وَابْتِغَاءَ مَرْضَاتِي ۚ تُسِرُّونَ إِلَيْهِمْ بِالْمَوَدَّةِ وَأَنَا أَعْلَمُ بِمَا أَخْفَيْتُمْ وَمَا أَعْلَنْتُمْ ۚ وَمَنْ يَفْعَلْهُ مِنْكُمْ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاءَ السَّبِيلِ
ХIай ийман диллинарш! Ма лийца Сан мостагI а‚ шун мостагI а доттагIий‚ аш цаьрга безам а кхийдабеш. Цара керста ма дина шуьга деана долу бакъдерг‚ шаьш аравоккхуш элча а‚ шу а /цIеношкара/ деккъа шу Делах шаьш Кхиош-кхобуш волчух тешаш долу дела. Шу арадевлича гIазотана Сан новкъахь‚ Сан реза хилар лоьхуш /ма лийцалаш керстанаш шайна доттагIий/. Аш /дегнашкахь/ хьулбора цаьрга безам, Со дика хууш ву аш хьулдинарг а‚ аш дIахьединарг а. Шух иза деш верг тилавелла ву нийсачу некъах
60:1 -
إِنْ يَثْقَفُوكُمْ يَكُونُوا لَكُمْ أَعْدَاءً وَيَبْسُطُوا إِلَيْكُمْ أَيْدِيَهُمْ وَأَلْسِنَتَهُمْ بِالسُّوءِ وَوَدُّوا لَوْ تَكْفُرُونَ
Шуна тIехь шайна аьтто баьлча – шуна мостагIий хуьлу царах‚ шуна тIекхийдадо шайн куьйгаш а‚ шайн меттанаш а /шуна/ зен дарца‚ царна лиира аш /и бакъдерг/ керстадойла
60:2
Гочдар: Магомед Магомедов