Сурат 62 Аль-джумIа (ПIераска), аят 9 – 11
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا نُودِيَ لِلصَّلَاةِ مِنْ يَوْمِ الْجُمُعَةِ فَاسْعَوْا إِلَىٰ ذِكْرِ اللَّهِ وَذَرُوا الْبَيْعَ ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
ХIай ийман диллинарш! Шайга кхийкхича ламазе пIераскан дийнахь, сихло Дела хьехон /рузба ламазе/‚ йита йохка-эцар. Иза дика ду шуна, шу хууш хиллехь
62:9 -
فَإِذَا قُضِيَتِ الصَّلَاةُ فَانْتَشِرُوا فِي الْأَرْضِ وَابْتَغُوا مِنْ فَضْلِ اللَّهِ وَاذْكُرُوا اللَّهَ كَثِيرًا لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
Ламаз кхочушхилча дсадаржа лаьттахула‚ леха Делан ниIмат. Аш хьехаве Дела дуккха а - шу даккхийдедийта
62:10 -
وَإِذَا رَأَوْا تِجَارَةً أَوْ لَهْوًا انْفَضُّوا إِلَيْهَا وَتَرَكُوكَ قَائِمًا ۚ قُلْ مَا عِنْدَ اللَّهِ خَيْرٌ مِنَ اللَّهْوِ وَمِنَ التِّجَارَةِ ۚ وَاللَّهُ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
Шайна йохка-эцар я синкъерам гича, цунна тIе боьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачахь. Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'Далла гергахь дерг дика ду синкъерамал а‚ йохка-эцарал а. И Дела рицкъ лучарех уггар диканиг ву-кх'
62:11
Гочдар: Магомед Магомедов