Сурат 65 Ат-тӀалакъ (Зуда йитар), аят 1 – 2
-
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِذَا طَلَّقْتُمُ النِّسَاءَ فَطَلِّقُوهُنَّ لِعِدَّتِهِنَّ وَأَحْصُوا الْعِدَّةَ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ رَبَّكُمْ ۖ لَا تُخْرِجُوهُنَّ مِنْ بُيُوتِهِنَّ وَلَا يَخْرُجْنَ إِلَّا أَنْ يَأْتِينَ بِفَاحِشَةٍ مُبَيِّنَةٍ ۚ وَتِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ ۚ وَمَنْ يَتَعَدَّ حُدُودَ اللَّهِ فَقَدْ ظَلَمَ نَفْسَهُ ۚ لَا تَدْرِي لَعَلَّ اللَّهَ يُحْدِثُ بَعْدَ ذَٰلِكَ أَمْرًا
ХӀай пайхамар! Шаьш зударий буьтуш уьш бита Ӏиддатана. Аш дагарде Ӏиддат /-ан денош/. Шу кхералаш Делах шаьш Кхиош-кхобуш волчух /и Ӏиддат тергал ца дан/. Шайн цӀеношкара ара ма бахалаш уьш /и Ӏиддат чекхдаланза/. Уьш шаьш а ма бовлийла /шайн цӀеношкара/ ара, цхьа билгала ирчаниг шаьш деънехь бен. ХӀорш ду Делан дозанаш. Делан дозанех ваьлларг шена зулам динарг ву. Хьуна хаац, Дала цхьа гӀуллакх хилийта тарло цул тӀаьхьа
65:1 -
فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمْسِكُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ أَوْ فَارِقُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ وَأَشْهِدُوا ذَوَيْ عَدْلٍ مِنْكُمْ وَأَقِيمُوا الشَّهَادَةَ لِلَّهِ ۚ ذَٰلِكُمْ يُوعَظُ بِهِ مَنْ كَانَ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۚ وَمَنْ يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَلْ لَهُ مَخْرَجًا
Церан хан (Ӏиддат) кхочушхилча‚ юхаберзабе уьш хазчу гӀиллакхца /шаьш цхьана даха лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазчу гӀиллакхца /шайна цхьана даха тарлур дац аьлла хеталахь/. Аш шиъ теш хӀоттаве /цхьанакхетарна я дӀакъастарна/ шайх Ӏедале берш. Аш тешалла хӀоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу /массо а балих хьалхавала/
65:2
Гочдар: Магомед Магомедов