Сурат 65 Ат-тӀалакъ (Зуда йитар), аят 2 – 3

  1. فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمْسِكُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ أَوْ فَارِقُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ وَأَشْهِدُوا ذَوَيْ عَدْلٍ مِنْكُمْ وَأَقِيمُوا الشَّهَادَةَ لِلَّهِ ۚ ذَٰلِكُمْ يُوعَظُ بِهِ مَنْ كَانَ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۚ وَمَنْ يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَلْ لَهُ مَخْرَجًا

    Церан хан (Ӏиддат) кхочушхилча‚ юхаберзабе уьш хазчу гӀиллакхца /шаьш цхьана даха лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазчу гӀиллакхца /шайна цхьана даха тарлур дац аьлла хеталахь/. Аш шиъ теш хӀоттаве /цхьанакхетарна я дӀакъастарна/ шайх Ӏедале берш. Аш тешалла хӀоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу /массо а балих хьалхавала/

    65:2
  2. وَيَرْزُقْهُ مِنْ حَيْثُ لَا يَحْتَسِبُ ۚ وَمَنْ يَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ فَهُوَ حَسْبُهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ بَالِغُ أَمْرِهِ ۚ قَدْ جَعَلَ اللَّهُ لِكُلِّ شَيْءٍ قَدْرًا

    Цо (Дала) цунна рицкъ лур ду цо хьесап ца диначуьра. Далла тӀе товжуш верг иза Цуьнан хьесапехь ву. Баккъалла а, Дела кхочушдеш ву Шен гӀуллакх. Дала хилийтина массо а хӀуманна барам

    65:3

Гочдар: Магомед Магомедов