Сурат 65 Ат-тӀалакъ (Зуда йитар), аят 8 – 12

  1. وَكَأَيِّنْ مِنْ قَرْيَةٍ عَتَتْ عَنْ أَمْرِ رَبِّهَا وَرُسُلِهِ فَحَاسَبْنَاهَا حِسَابًا شَدِيدًا وَعَذَّبْنَاهَا عَذَابًا نُكْرًا

    Маса юрт дуьхьалъяьлла хилла ша Кхиош-кхобуш волчу Делан а‚ Цуьнан элчанийн омрана. Оха уьш тергал йира чӀогӀачу хьесапаца‚ Оха Ӏазап дира царна ирча Ӏазапаца

    65:8
  2. فَذَاقَتْ وَبَالَ أَمْرِهَا وَكَانَ عَاقِبَةُ أَمْرِهَا خُسْرًا

    Цара Ӏевшира шайн гӀуллакхан бāла‚ церан гӀуллакхан тӀаьхье хилира эшалла

    65:9
  3. أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ يَا أُولِي الْأَلْبَابِ الَّذِينَ آمَنُوا ۚ قَدْ أَنْزَلَ اللَّهُ إِلَيْكُمْ ذِكْرًا

    Дала кечдина царна чӀогӀа Ӏазап. Шу кхера Делах‚ хӀай хьекъал дерш‚ шаьш ийман диллина долу. Дала шуьга боссина хьехам (Къуръан)

    65:10
  4. رَسُولًا يَتْلُو عَلَيْكُمْ آيَاتِ اللَّهِ مُبَيِّنَاتٍ لِيُخْرِجَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۚ وَمَنْ يُؤْمِنْ بِاللَّهِ وَيَعْمَلْ صَالِحًا يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ قَدْ أَحْسَنَ اللَّهُ لَهُ رِزْقًا

    Элча /ваийтина шуьга/‚ цо шуна дуьйцуш Делан билгала долу аяташ ийман диллинарш‚ дика Ӏамалш йинарш а боданера нуре бахархьама. Делах а тийшина, дика Ӏамал еш верг Цо иза вуьллур ву бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ иза цу чохь гуттар лаьттар ву. Хаза хилийтина Дала цунна рицкъ

    65:11
  5. اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ وَمِنَ الْأَرْضِ مِثْلَهُنَّ يَتَنَزَّلُ الْأَمْرُ بَيْنَهُنَّ لِتَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ وَأَنَّ اللَّهَ قَدْ أَحَاطَ بِكُلِّ شَيْءٍ عِلْمًا

    Дела ву Ша кхоьллинарг ворхӀ стигал‚ лаьттах а цаьрга терра. /Делан/ омра охьадуссу царна юккъехула шуна хаархьама и Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш вуйла а‚ Цо чулаьцна юйла массо а хӀума Шен Ӏилмаца

    65:12

Гочдар: Магомед Магомедов