Сурат 66 Ат-тахьрим

  1. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ لِمَ تُحَرِّمُ مَا أَحَلَّ اللَّهُ لَكَ ۖ تَبْتَغِي مَرْضَاتَ أَزْوَاجِكَ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    ХIай пайхамар! Ахь хIунда хьарам до Дала хьуна хьанал динарг хьан зударий резабан гIерташ? Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву

    66:1
  2. قَدْ فَرَضَ اللَّهُ لَكُمْ تَحِلَّةَ أَيْمَانِكُمْ ۚ وَاللَّهُ مَوْلَاكُمْ ۖ وَهُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ

    Дала тIе диллина шуна дуйнаш бастар. Дела ву шун гIоьнча. Иза ву хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    66:2
  3. وَإِذْ أَسَرَّ النَّبِيُّ إِلَىٰ بَعْضِ أَزْوَاجِهِ حَدِيثًا فَلَمَّا نَبَّأَتْ بِهِ وَأَظْهَرَهُ اللَّهُ عَلَيْهِ عَرَّفَ بَعْضَهُ وَأَعْرَضَ عَنْ بَعْضٍ ۖ فَلَمَّا نَبَّأَهَا بِهِ قَالَتْ مَنْ أَنْبَأَكَ هَٰذَا ۖ قَالَ نَبَّأَنِيَ الْعَلِيمُ الْخَبِيرُ

    Пайхамара шен цхьаболчу зударшка (Хьафсате) къайлах дийцира цхьа хабар. Цо (Хьафсато) иза кхечаьрга (Iаишате) дийцича‚ Дала иза цунна (элчанна) гучудаьккхича, цунах (цу хабарх) цхьадерг довзийтира цо (элчанас Хьафсате), цхьадерг хьулдийра. Цо цуьнга (Хьафсате) и дийцича‚ элира /Хьафсата/: 'Хьан дийцина хьоьга иза?' Цо элира: 'Соьга дийцина иза /нехан къайленаш/ хууш волчо‚ /массо а хма/ дика девзаш волчо (Дала).'

    66:3
  4. إِنْ تَتُوبَا إِلَى اللَّهِ فَقَدْ صَغَتْ قُلُوبُكُمَا ۖ وَإِنْ تَظَاهَرَا عَلَيْهِ فَإِنَّ اللَّهَ هُوَ مَوْلَاهُ وَجِبْرِيلُ وَصَالِحُ الْمُؤْمِنِينَ ۖ وَالْمَلَائِكَةُ بَعْدَ ذَٰلِكَ ظَهِيرٌ

    Аш шимма (Хьафсата а‚ Iаишата а) тōба динехьара Деле… /И дика хир дара шуна аш цунна дуьхьал барт бечул/. Шу шиннан дог дIатевжира /Делан элчанца лело дезачу гллакхах/. Аш вовшашна гIо дахь цунна (пайхамарна) дуьхьал баккъалла а, Дела Иза ву и ларвийр верг‚ Джибрил а ду‚ муъмин нахах дика мел верг а ву‚ маликаш а ду цул тIаьхьа гIоьнчий

    66:4
  5. عَسَىٰ رَبُّهُ إِنْ طَلَّقَكُنَّ أَنْ يُبْدِلَهُ أَزْوَاجًا خَيْرًا مِنْكُنَّ مُسْلِمَاتٍ مُؤْمِنَاتٍ قَانِتَاتٍ تَائِبَاتٍ عَابِدَاتٍ سَائِحَاتٍ ثَيِّبَاتٍ وَأَبْكَارًا

    Мега иза Кхиош-кхобуш волчу цуьнан Дала, цо шу дитича, цунна шул дика зударий бало: шаьш бусалба болуш‚ муъмин болуш‚ муьтIахь болуш‚ тōба деш болуш‚ Iибадат деш болуш‚ /пайхамарца/ дIасалелаш болуш‚ хьалха марехь хилларш а‚ маре баханза болу мехкарий а

    66:5
  6. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا قُوا أَنْفُسَكُمْ وَأَهْلِيكُمْ نَارًا وَقُودُهَا النَّاسُ وَالْحِجَارَةُ عَلَيْهَا مَلَائِكَةٌ غِلَاظٌ شِدَادٌ لَا يَعْصُونَ اللَّهَ مَا أَمَرَهُمْ وَيَفْعَلُونَ مَا يُؤْمَرُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Ларде шаьш а‚ шайн доьзал а /жоьжахатин/ цIерах‚ шен ягориг нах а‚ тIулгаш а болчу. Цунна тIе хIоьттийна ирча‚ чIогIа маликаш ду‚ юха ца довлуш Дала шайна омра динчух, шаьш кхочушдеш шайга омра деш дерг

    66:6
  7. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ كَفَرُوا لَا تَعْتَذِرُوا الْيَوْمَ ۖ إِنَّمَا تُجْزَوْنَ مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    ХIай /Делах/ цатешнарш! Шу бехказа ма дийла тахана /къематдийнахь/: шуна беш болу бекхам аш /дуьненахь/ деш хилларг /бахьанехь/ ду

    66:7
  8. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا تُوبُوا إِلَى اللَّهِ تَوْبَةً نَصُوحًا عَسَىٰ رَبُّكُمْ أَنْ يُكَفِّرَ عَنْكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَيُدْخِلَكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ يَوْمَ لَا يُخْزِي اللَّهُ النَّبِيَّ وَالَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ ۖ نُورُهُمْ يَسْعَىٰ بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَبِأَيْمَانِهِمْ يَقُولُونَ رَبَّنَا أَتْمِمْ لَنَا نُورَنَا وَاغْفِرْ لَنَا ۖ إِنَّكَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    ХIай ийман диллинарш! Шу ддерза Деле цIена тōба дарца тарло шу Кхиош-кхобучу шун Дала шу цIандан шун къинойх‚ /тIаккха/ шу бошмашна чу дихка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ оцу дийнахь Дала сийсазвийр вац пайхамар а‚ цуьнца ийман диллинарш а. Церан нур дедда лелар ду царна хьалхахула а‚ церан аьтту куьйгаш долчу агIорхьара а‚ цара олуш: 'Тхо Кхиош-кхобуш волу тхан Дела‚ Ахь кхочушделахь тхан нур‚ Ахь тхуна гечделахь. Баккъалла а, Хьо ву-кх массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг'

    66:8
  9. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ جَاهِدِ الْكُفَّارَ وَالْمُنَافِقِينَ وَاغْلُظْ عَلَيْهِمْ ۚ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    ХIай пайхамар! Къийсам латтабе цатешачаьрца а‚ мунепакъашца а‚ луьра хила цаьрца. Церан чугIойла жоьжахати ю. Ма вон ду-кх /церан/ дIадерзар!

    66:9
  10. ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا لِلَّذِينَ كَفَرُوا امْرَأَتَ نُوحٍ وَامْرَأَتَ لُوطٍ ۖ كَانَتَا تَحْتَ عَبْدَيْنِ مِنْ عِبَادِنَا صَالِحَيْنِ فَخَانَتَاهُمَا فَلَمْ يُغْنِيَا عَنْهُمَا مِنَ اللَّهِ شَيْئًا وَقِيلَ ادْخُلَا النَّارَ مَعَ الدَّاخِلِينَ

    Дала масал далийна цатешачарна Нухьан зудчух а‚ ЛутIан зудчух а: уьш бара Тхан дикчу лех шина лена /куьйга/ кIел‚ цара шиммо а царна шинна тешнабехк бира /зина дар боцу/‚ цхьанна а хIуманца Делера шаьш шиъ кIелхьар-м ца яьккхира цара‚ элира /цаьрга/: 'Шу шиъ чу гIо /жоьжахатин/ цIерга цу чу гш болчарца'

    66:10
  11. وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا لِلَّذِينَ آمَنُوا امْرَأَتَ فِرْعَوْنَ إِذْ قَالَتْ رَبِّ ابْنِ لِي عِنْدَكَ بَيْتًا فِي الْجَنَّةِ وَنَجِّنِي مِنْ فِرْعَوْنَ وَعَمَلِهِ وَنَجِّنِي مِنَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Дала масал далийна ийман диллинчарна ФирIавнан зудчух‚ цо ма элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь суна дēлахь Хьуна гергахь ялсамани чохь цIа‚ Ахь со кIелхьаръяккхалахь ФирIавнах а‚ цуьнан балхах а‚ Ахь со кIелхьаръяккхалахь зулам дечу къомах'

    66:11
  12. وَمَرْيَمَ ابْنَتَ عِمْرَانَ الَّتِي أَحْصَنَتْ فَرْجَهَا فَنَفَخْنَا فِيهِ مِنْ رُوحِنَا وَصَدَّقَتْ بِكَلِمَاتِ رَبِّهَا وَكُتُبِهِ وَكَانَتْ مِنَ الْقَانِتِينَ

    Iимранан йоI Марьямах а /масал далийна Дала/‚ ша лардина хиллачу шен йоIалла. Оха цуьнан дегIа чу са уьйзира Тхан Сих (Джабраил малико)‚ цо (Марьяма) бакъдира ша Кхиош-кхобуш волчу шен Делан дешнаш‚ Цуьнан жайнаш а‚ иза хилира муьтIахь болчарах

    66:12

Гочдар: Магомед Магомедов