Сурат 67 Аль-мулк (Паччахьалла), аят 1 – 14

  1. تَبَارَكَ الَّذِي بِيَدِهِ الْمُلْكُ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Беркате (хастаме) хили Иза (Дела)‚ Шен куьйгахь паччахьалла долу‚ Ша массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш волу

    67:1
  2. الَّذِي خَلَقَ الْمَوْتَ وَالْحَيَاةَ لِيَبْلُوَكُمْ أَيُّكُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْغَفُورُ

    Иза ву Ша кхоьллина далар а‚ дахар а шу зерхьама‚ муьлхарниг ву шух вуно диканиг Ӏамал ярца. Иза ву веза верг а‚ гечдийриг а

    67:2
  3. الَّذِي خَلَقَ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ طِبَاقًا ۖ مَا تَرَىٰ فِي خَلْقِ الرَّحْمَٰنِ مِنْ تَفَاوُتٍ ۖ فَارْجِعِ الْبَصَرَ هَلْ تَرَىٰ مِنْ فُطُورٍ

    Иза ву Ша кхоьллина ворхӀ стигал тӀеттӀа. Хьуна гур ма яц сов Къинхетаме волчо кхоьллинчунгахь цхьа а вовшашца ца йогӀу хӀума. Тохал бӀаьрг: гуй хьуна цхьа а яьдда меттиг?

    67:3
  4. ثُمَّ ارْجِعِ الْبَصَرَ كَرَّتَيْنِ يَنْقَلِبْ إِلَيْكَ الْبَصَرُ خَاسِئًا وَهُوَ حَسِيرٌ

    ТӀаккха юх-юха а тохал бӀаьрг хьоьга духадоьрзур ду бӀаьргтохар кӀелдисна‚ ша гӀелделла долуш

    67:4
  5. وَلَقَدْ زَيَّنَّا السَّمَاءَ الدُّنْيَا بِمَصَابِيحَ وَجَعَلْنَاهَا رُجُومًا لِلشَّيَاطِينِ ۖ وَأَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابَ السَّعِيرِ

    Оха хаздина дуьненан стигал чиркхашца (седарчашца)‚ Оха хилийтина уьш шайтӀанашна кхоссарш. Оха кечдина царна (шайтӀанашна) егачу цӀеран Ӏазап

    67:5
  6. وَلِلَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ عَذَابُ جَهَنَّمَ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    Шаьш Кхиош-кхобучух(Делах) цатешначарна а жоьжахатин Ӏазап ду. Ма вон дӀадерзар ду-кх иза!

    67:6
  7. إِذَا أُلْقُوا فِيهَا سَمِعُوا لَهَا شَهِيقًا وَهِيَ تَفُورُ

    Шаьш цу чу кхоьссича, царна хозур ду цуьнан угӀарш‚ и ша кхехкаш йолуш

    67:7
  8. تَكَادُ تَمَيَّزُ مِنَ الْغَيْظِ ۖ كُلَّمَا أُلْقِيَ فِيهَا فَوْجٌ سَأَلَهُمْ خَزَنَتُهَا أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَذِيرٌ

    Ша оьгӀазъялла эккха кечъелла: цу чу /къинош динчеран/ толгӀа (тоба) массаза кхоьссича а, цуьнан гӀаролаша цаьрга хоттур ду: 'Кхерамча (Делан элча) ца веара шуьга?'‚ аьлла

    67:8
  9. قَالُوا بَلَىٰ قَدْ جَاءَنَا نَذِيرٌ فَكَذَّبْنَا وَقُلْنَا مَا نَزَّلَ اللَّهُ مِنْ شَيْءٍ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا فِي ضَلَالٍ كَبِيرٍ

    Цара эр: 'ХӀаъ‚ веара тхоьга кхерамча Оха иза харцвира‚ оха элира: 'Дала хӀумма а ца доссийна‚ шу ма ду доккхачу тиларчохь'

    67:9
  10. وَقَالُوا لَوْ كُنَّا نَسْمَعُ أَوْ نَعْقِلُ مَا كُنَّا فِي أَصْحَابِ السَّعِيرِ

    Цара элира: 'Тхо хиллехьара ладугӀуш а‚ ойла еш а тхо хир ма дацара егачу цӀеран дайшлахь'

    67:10
  11. فَاعْتَرَفُوا بِذَنْبِهِمْ فَسُحْقًا لِأَصْحَابِ السَّعِيرِ

    Уьш къера хилира шайн къинна. /Делан къинхетамах/ ма генахь бу-кх егачу цӀеран дай!

    67:11
  12. إِنَّ الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ بِالْغَيْبِ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ

    Баккъалла а, шайна гуш воццушехь шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делах кхоьруш берш царна ду гечдар а‚ йоккха ял

    67:12
  13. وَأَسِرُّوا قَوْلَكُمْ أَوِ اجْهَرُوا بِهِ ۖ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Къайладаккха шайн дош, я гучудаккха иза баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг

    67:13
  14. أَلَا يَعْلَمُ مَنْ خَلَقَ وَهُوَ اللَّطِيفُ الْخَبِيرُ

    Ткъа ца хаьа Цунна‚ ша кхоьллинчунна? Иза ву сов дика кхетаме верг а‚ сов дика хууш верг а

    67:14

Гочдар: Магомед Магомедов