Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 1 – 10
-
الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَجَعَلَ الظُّلُمَاتِ وَالنُّورَ ۖ ثُمَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ يَعْدِلُونَ
Хастам бу Далла‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу‚ Ша бода а‚ нур а динчу. ТӀаккха а керстанаша шайн Кхиош-кхобучуьнца нисбо /кхиберш/
6:1 -
هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ طِينٍ ثُمَّ قَضَىٰ أَجَلًا ۖ وَأَجَلٌ مُسَمًّى عِنْدَهُ ۖ ثُمَّ أَنْتُمْ تَمْتَرُونَ
И ву шу кхоьллинарг поппарх‚ тӀаккха жалла хӀоттийна /шуна дала/. /Кхин/ жалла ю хан тоьхна Цунна гергахь /шу гӀовто/. ТӀаккха а шу шеко еш ду
6:2 -
وَهُوَ اللَّهُ فِي السَّمَاوَاتِ وَفِي الْأَرْضِ ۖ يَعْلَمُ سِرَّكُمْ وَجَهْرَكُمْ وَيَعْلَمُ مَا تَكْسِبُونَ
И – АллахӀ (ц йолу цхьа Дела) ву‚ Ша стигланашкахь а ву‚ лаьттахь а ву. Цунна хаьа шун къайлах дерг а‚ шун гуш дерг а. Цунна хаьа аш карадеш дерг а
6:3 -
وَمَا تَأْتِيهِمْ مِنْ آيَةٍ مِنْ آيَاتِ رَبِّهِمْ إِلَّا كَانُوا عَنْهَا مُعْرِضِينَ
Шайн Кхиош-кхобучун аятех цхьа а аят ца деана цаьрга‚ уьш цунах дӀабоьрзуш бен
6:4 -
فَقَدْ كَذَّبُوا بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ ۖ فَسَوْفَ يَأْتِيهِمْ أَنْبَاءُ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Харцдира цара бакъдерг, и шайга деъначул тӀаьхьа. ТӀаьхьа догӀур ду цаьрга хабарш‚ уьш шайх ца бешаш хилла долу
6:5 -
أَلَمْ يَرَوْا كَمْ أَهْلَكْنَا مِنْ قَبْلِهِمْ مِنْ قَرْنٍ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ مَا لَمْ نُمَكِّنْ لَكُمْ وَأَرْسَلْنَا السَّمَاءَ عَلَيْهِمْ مِدْرَارًا وَجَعَلْنَا الْأَنْهَارَ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهِمْ فَأَهْلَكْنَاهُمْ بِذُنُوبِهِمْ وَأَنْشَأْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ قَرْنًا آخَرِينَ
Царна ца го-техьа: мел дукха тьхьенаш хӀаллакйина Оха царал хьалха‚ Оха чӀагӀбина бара уьш лаьттахь, шу ца чӀагӀдинчу кепара‚ стигал йоссийра Оха царна тӀе догӀица‚ церан бухахула лелаш хиш хилийтира Оха‚ тӀаккха Оха хӀаллакбира уьш шайн къинош бахьанехь‚ царал тӀаьхьа кхечаран тьхье кхиийра Оха
6:6 -
وَلَوْ نَزَّلْنَا عَلَيْكَ كِتَابًا فِي قِرْطَاسٍ فَلَمَسُوهُ بِأَيْدِيهِمْ لَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ
Оха доссош делхьара жайна хьоьга кехата тӀехь‚ шайн куьйгашца цунах хьакхалур бара уьш – керстанаша эр ма дара: 'Билггала бозбуунчалла ду-кх хӀара'
6:7 -
وَقَالُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ مَلَكٌ ۖ وَلَوْ أَنْزَلْنَا مَلَكًا لَقُضِيَ الْأَمْرُ ثُمَّ لَا يُنْظَرُونَ
Ма элира цара: 'Малик доссийна хиллехьара цунна тӀе'. Оха малик доссийна хиллехьара – кхочушхир дара гӀуллакх‚ тӀаккха а уьш хьоьжуш лоттуьйтур бацара
6:8 -
وَلَوْ جَعَلْنَاهُ مَلَكًا لَجَعَلْنَاهُ رَجُلًا وَلَلَبَسْنَا عَلَيْهِمْ مَا يَلْبِسُونَ
Оха и хилийтинехьара малик – и дахийтина хир дара Оха адаман хьесапехь, цу тӀехь а кегари (хало) йийр яра Оха, цара шаьш еш ерг
6:9 -
وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِنْ قَبْلِكَ فَحَاقَ بِالَّذِينَ سَخِرُوا مِنْهُمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Хьол хьалха а элчанаш сийсазбина. Царах ца бешаш болчарах хьакха ма делира цара ша сийсаздеш хилларг
6:10
Гочдар: Магомед Магомедов