Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 101 – 110
-
بَدِيعُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ أَنَّىٰ يَكُونُ لَهُ وَلَدٌ وَلَمْ تَكُنْ لَهُ صَاحِبَةٌ ۖ وَخَلَقَ كُلَّ شَيْءٍ ۖ وَهُوَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца кхоллархо, мичара хир ву Цуьнан доьзалхо ? Цуьнан зуда ма ца хилла. Цо Ша ма кхоьллина массо а хӀума. Массо а хӀума Ша хууш верг ма ву Иза
6:101 -
ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ فَاعْبُدُوهُ ۚ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ
И ву шун Дела – шу Кхиош-кхобург – кхин дела вац И воцург‚ массо а хӀума Ша кхоьллинарг ву И. Цунна Ӏибадат дейша! И ма ву массо а хӀуманна тӀехь векал
6:102 -
لَا تُدْرِكُهُ الْأَبْصَارُ وَهُوَ يُدْرِكُ الْأَبْصَارَ ۖ وَهُوَ اللَّطِيفُ الْخَبِيرُ
БӀаьрса ца кхуьу Цунах‚ И кхуьу бӀаьрсанах. И тӀех кхетаме а ву‚ дика хууш а ву
6:103 -
قَدْ جَاءَكُمْ بَصَائِرُ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ فَمَنْ أَبْصَرَ فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ عَمِيَ فَعَلَيْهَا ۚ وَمَا أَنَا عَلَيْكُمْ بِحَفِيظٍ
Шуьга еана бӀаьрсерлонаш шун Кхиош-кхобучуьнгара. БӀаьрг биллинчунна – цунна шена ду‚ бӀаьрг хьаббинчунна – цунна шена ду‚ /ахь āла‚ Мухьаммад/: 'Со ма вац шуна тӀехь хехо'
6:104 -
وَكَذَٰلِكَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ وَلِيَقُولُوا دَرَسْتَ وَلِنُبَيِّنَهُ لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ
Иштта билгалдоху Оха аяташ‚ цара āла тарло дела: 'Ахь Ӏамийна'‚ Оха и билгалдаккхархьама хууш долчу къомана
6:105 -
اتَّبِعْ مَا أُوحِيَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ وَأَعْرِضْ عَنِ الْمُشْرِكِينَ
Хьо хьайн Кхиош-кхобучуьнгара хьайн даг чу дуьллучунна тӀаьхьахӀотта‚ кхин Дела вац И воцург‚ генавала мушрикех
6:106 -
وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا أَشْرَكُوا ۗ وَمَا جَعَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا ۖ وَمَا أَنْتَ عَلَيْهِمْ بِوَكِيلٍ
Далла лиънехьара /Цуьнца/ накъост лоцур вацара цара‚ царна тӀехь хехо ца вина Оха хьох‚ царна тӀехь векал а вац хьо
6:107 -
وَلَا تَسُبُّوا الَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ فَيَسُبُّوا اللَّهَ عَدْوًا بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ كَذَٰلِكَ زَيَّنَّا لِكُلِّ أُمَّةٍ عَمَلَهُمْ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّهِمْ مَرْجِعُهُمْ فَيُنَبِّئُهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Аш сийсаза ма бе Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш (цш) – тӀаккха цара мостагӀаллица‚ цхьа а Ӏилма доцуш, Дела а сийсазвийр ву. Иштта хазйина Оха хӀор умматана шен Ӏамал‚ тӀаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга ду церан дӀадерзар‚ Цо дуьйцур ду царна цара деш хилларг
6:108 -
وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ جَاءَتْهُمْ آيَةٌ لَيُؤْمِنُنَّ بِهَا ۚ قُلْ إِنَّمَا الْآيَاتُ عِنْدَ اللَّهِ ۖ وَمَا يُشْعِرُكُمْ أَنَّهَا إِذَا جَاءَتْ لَا يُؤْمِنُونَ
Делаца чӀогӀа дуйнаш биира цара: шайга делил деъча‚ цунах тешанне а тешаза Ӏийр ма дац шаьш‚ аьлла. Ахь āла: 'Делилаш Далла гергахь ду'‚ стен хоуьйту шуьга? – уьш деъча а, цара ийман дуьллур дац
6:109 -
وَنُقَلِّبُ أَفْئِدَتَهُمْ وَأَبْصَارَهُمْ كَمَا لَمْ يُؤْمِنُوا بِهِ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَنَذَرُهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ
Церан дегнаш а‚ церан бӀаьрса а хьийзадо Оха‚ уьш цунах (Къуръанах) юьхьанца ца тешаш ма хилла‚ буьту уьш шайн тиларчохь дӀасауьйдуш
6:110
Гочдар: Магомед Магомедов