Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 11 – 20

  1. قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ ثُمَّ انْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ

    Ахь āла: 'ДӀасаида лаьттахула‚ тӀаккха хьовсал шу‚ муха хилла /дин/ харцдечаран тӀаьхье'

    6:11
  2. قُلْ لِمَنْ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ قُلْ لِلَّهِ ۚ كَتَبَ عَلَىٰ نَفْسِهِ الرَّحْمَةَ ۚ لَيَجْمَعَنَّكُمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيْبَ فِيهِ ۚ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Ахь āлал: 'Хьенан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг ?' Ахь āла: 'Делан ду'. Шена тӀедиллина Цо къинхетам бар. Гулданне а гулдийр ма ду Цо шу къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу. Шайна иэшар динарш – цара ийман дуьллур дац

    6:12
  3. وَلَهُ مَا سَكَنَ فِي اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Цуьнан ду буьйсанна а‚ дийнахь а тийна (я лелаш) хилларг. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву

    6:13
  4. قُلْ أَغَيْرَ اللَّهِ أَتَّخِذُ وَلِيًّا فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَهُوَ يُطْعِمُ وَلَا يُطْعَمُ ۗ قُلْ إِنِّي أُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ أَوَّلَ مَنْ أَسْلَمَ ۖ وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Ахь āла: 'Ша стигланийн а‚ лаьттан а кхоллархо волу Дела воцург /кхин/ лоцу ткъа ас доладийриг? И ву рицкъ луш‚ Цунна ца ло рицкъ'. Ахь āла: 'Суна омра дина со хила /Далла/ муьтхь хиллачарех хьалхарниг, аьлла‚ хьо хиланне а ма хилалахь мушрикунех '‚ аьлла

    6:14
  5. قُلْ إِنِّي أَخَافُ إِنْ عَصَيْتُ رَبِّي عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Ахь āла: 'Со кхоьру сайн Кхиош-кхобучунна со Ӏеса хилахь деза-доккхачу дийнан Ӏазапах'

    6:15
  6. مَنْ يُصْرَفْ عَنْهُ يَوْمَئِذٍ فَقَدْ رَحِمَهُ ۚ وَذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْمُبِينُ

    Цу дийнахь ша цунах хьалхаваьккхинарг – Цо цунах къинхетам бина. И билггала толам бу-кх

    6:16
  7. وَإِنْ يَمْسَسْكَ اللَّهُ بِضُرٍّ فَلَا كَاشِفَ لَهُ إِلَّا هُوَ ۖ وَإِنْ يَمْسَسْكَ بِخَيْرٍ فَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Дала хьо цхьана зене лацахь – вац хьуна и традоккхуверг И ша бен. Цо хьо цхьана дикане лацахь – И массо а хӀуманна ницкъ кхочуш ву

    6:17
  8. وَهُوَ الْقَاهِرُ فَوْقَ عِبَادِهِ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْخَبِيرُ

    И ницкъ болуш ву Шен лешна тӀехь. И ша хьукма /нийса/ деш верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву

    6:18
  9. قُلْ أَيُّ شَيْءٍ أَكْبَرُ شَهَادَةً ۖ قُلِ اللَّهُ ۖ شَهِيدٌ بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ ۚ وَأُوحِيَ إِلَيَّ هَٰذَا الْقُرْآنُ لِأُنْذِرَكُمْ بِهِ وَمَنْ بَلَغَ ۚ أَئِنَّكُمْ لَتَشْهَدُونَ أَنَّ مَعَ اللَّهِ آلِهَةً أُخْرَىٰ ۚ قُلْ لَا أَشْهَدُ ۚ قُلْ إِنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ وَإِنَّنِي بَرِيءٌ مِمَّا تُشْرِكُونَ

    Āлал /хӀай Мухьаммад/: 'ХӀун ду уггар доккха хма тешалла дарца?' Āла: 'Дела ву теш суна а, шуна а юккъехь‚ соьга ваьхьица даийтина хӀара Къуръан‚ ас шеца кхерам тасархьама шуна а, и /шега/ кхаьчначуьнга а. Шу ду тешалла деш Делаца кхин делий бу, бохуш?' Āла: 'Ас тешалла дац'. Āла: 'Баккъалла а, и – цхьа Дела ву‚ со цӀена ву аш Делаца накъост лацарх'

    6:19
  10. الَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْرِفُونَهُ كَمَا يَعْرِفُونَ أَبْنَاءَهُمُ ۘ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    Оха шайна жайна деллачарна вевза и‚ шайн кӀентий бовзаре терра, шайна иэшам бинарш – уьш бу ца тешаш‚

    6:20

Гочдар: Магомед Магомедов