Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 111 – 121

  1. وَلَوْ أَنَّنَا نَزَّلْنَا إِلَيْهِمُ الْمَلَائِكَةَ وَكَلَّمَهُمُ الْمَوْتَىٰ وَحَشَرْنَا عَلَيْهِمْ كُلَّ شَيْءٍ قُبُلًا مَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ يَجْهَلُونَ

    Оха цаьрга маликаш доссош хиллехьара а‚ беллачара цаьрга къамел деш хиллехьара а‚ Оха царна массо а хӀума шайн бӀаргаш хьалха гулйина хиллехьара а – тӀаккха а тешна хир бацара уьш‚ Далла лиъча а бен. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу

    6:111
  2. وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا لِكُلِّ نَبِيٍّ عَدُوًّا شَيَاطِينَ الْإِنْسِ وَالْجِنِّ يُوحِي بَعْضُهُمْ إِلَىٰ بَعْضٍ زُخْرُفَ الْقَوْلِ غُرُورًا ۚ وَلَوْ شَاءَ رَبُّكَ مَا فَعَلُوهُ ۖ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ

    Иштта массо а пайхамарна мостагӀ хилийтира Оха адамийн а‚ жинийн а шайтӀанех‚ цхьаболчара вукхеран дегнашка хаздина дешнаш кхуьссуш, уьш Ӏехорхьама. Хьан Кхиош-кхобучунна лиъна хиллехьара, и дина хир дацара цара. Бита уьш а‚ цара харц кхуллушдерг а

    6:112
  3. وَلِتَصْغَىٰ إِلَيْهِ أَفْئِدَةُ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ وَلِيَرْضَوْهُ وَلِيَقْتَرِفُوا مَا هُمْ مُقْتَرِفُونَ

    Цу тӀе эхартах цатешачеран дегнаш дахийтархьама а‚ цунна реза уьш хилийтархьама а‚ цаьрга гулдайтархьама а шаьш деш хилла долу къинош /битина уьш Дала/

    6:113
  4. أَفَغَيْرَ اللَّهِ أَبْتَغِي حَكَمًا وَهُوَ الَّذِي أَنْزَلَ إِلَيْكُمُ الْكِتَابَ مُفَصَّلًا ۚ وَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَعْلَمُونَ أَنَّهُ مُنَزَّلٌ مِنْ رَبِّكَ بِالْحَقِّ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُمْتَرِينَ

    /Ахь āла/: 'Дела воцчуьнгара лоьху ткъа ас хьукма? И ма ву шуьга къастош долу жайна доссийнарг'. Оха шайна жайна деллачарна хаьа и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъонца доссош хилар. Хьо хиланне а ма хилалахь шеко еш болчарах

    6:114
  5. وَتَمَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ صِدْقًا وَعَدْلًا ۚ لَا مُبَدِّلَ لِكَلِمَاتِهِ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Кхочушхилла хьан Кхиош-кхобучун дешнаш бакъодлчуьнца а‚ нийсонца а. Цуьнан дешнаш хийца цхьа а вац. И ша хезаш верг а‚ хууш верг а ву

    6:115
  6. وَإِنْ تُطِعْ أَكْثَرَ مَنْ فِي الْأَرْضِ يُضِلُّوكَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ إِنْ يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ

    Хьо муьтӀахь хилахь лаьттахь болчарах дуккхахболчарна‚ Делан некъах тилор ву хьо цара. Уьш тӀаьхьахӀуьттуш ма бац шайна моьттуш долчунна а бен‚ уьш ма бац харцлуьйш бен

    6:116
  7. إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ مَنْ يَضِلُّ عَنْ سَبِيلِهِ ۖ وَهُوَ أَعْلَمُ بِالْمُهْتَدِينَ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика хууш (вевзаш) Шен некъах тилавелларг‚ И дика хууш (бевзаш) ма ву нийсачу новкъахь берш

    6:117
  8. فَكُلُوا مِمَّا ذُكِرَ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ إِنْ كُنْتُمْ بِآيَاتِهِ مُؤْمِنِينَ

    Аш даа /бежнех/ шена тӀехь /урс хьокхучу хенахь/ Делан цӀе яьккхинчух‚ шаьш Цуьнан аятех тешаш хилла делахь

    6:118
  9. وَمَا لَكُمْ أَلَّا تَأْكُلُوا مِمَّا ذُكِرَ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ وَقَدْ فَصَّلَ لَكُمْ مَا حَرَّمَ عَلَيْكُمْ إِلَّا مَا اضْطُرِرْتُمْ إِلَيْهِ ۗ وَإِنَّ كَثِيرًا لَيُضِلُّونَ بِأَهْوَائِهِمْ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِالْمُعْتَدِينَ

    Аш хӀунда ца дуу шена тӀехь Делан цӀе яьккхичух? Цо шуна къаста ма дина Ша шуна хьарам динарг. Шу и ца диъча ца довлуш дерг доцург. Баккъалла а, дукхаберш /нах/ нийсачу некъах тилош ма бу шайн лаамашца‚ цхьа а Ӏилма доццушехь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика бевзаш дозанех бевлларш

    6:119
  10. وَذَرُوا ظَاهِرَ الْإِثْمِ وَبَاطِنَهُ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَكْسِبُونَ الْإِثْمَ سَيُجْزَوْنَ بِمَا كَانُوا يَقْتَرِفُونَ

    Дита гучудаьлла къа а‚ гучу ца даьлларг а. Баккъалла а, шаьш къинош деш болчарна бекхам хир ма бу шаьш деш хиллачуьнца

    6:120
  11. وَلَا تَأْكُلُوا مِمَّا لَمْ يُذْكَرِ اسْمُ اللَّهِ عَلَيْهِ وَإِنَّهُ لَفِسْقٌ ۗ وَإِنَّ الشَّيَاطِينَ لَيُوحُونَ إِلَىٰ أَوْلِيَائِهِمْ لِيُجَادِلُوكُمْ ۖ وَإِنْ أَطَعْتُمُوهُمْ إِنَّكُمْ لَمُشْرِكُونَ

    Аш ма даалаш Делан цӀе шена тӀехь ца яьккхинчух. Иза, баккъалла а, фасикъалла ю. Баккъалла а, шайтӀанаша дагатуьйсу шайн доттагӀашна, цаьрга шуьца къийсийтархьама. Нагахь санна шу царна муьтӀахь хилахь – /тккха/ шу хир ма ду мушрикаш

    6:121

Гочдар: Магомед Магомедов