Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 122 – 129
-
أَوَمَنْ كَانَ مَيْتًا فَأَحْيَيْنَاهُ وَجَعَلْنَا لَهُ نُورًا يَمْشِي بِهِ فِي النَّاسِ كَمَنْ مَثَلُهُ فِي الظُّلُمَاتِ لَيْسَ بِخَارِجٍ مِنْهَا ۚ كَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِلْكَافِرِينَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Я ша хилларг велла‚ тӀаккха Оха ша денвина‚ шена Оха нур хилийтина‚ цуьнца нахалахь лелаш верг тера вуй ша боданашкахь волчух‚ цу чуьра ша аравер воцчу? Иштта хаздина цатешачарна шаьш деш хилларг
6:122 -
وَكَذَٰلِكَ جَعَلْنَا فِي كُلِّ قَرْيَةٍ أَكَابِرَ مُجْرِمِيهَا لِيَمْكُرُوا فِيهَا ۖ وَمَا يَمْكُرُونَ إِلَّا بِأَنْفُسِهِمْ وَمَا يَشْعُرُونَ
Иштта хилийтина Оха массо а юьртахь къинош леточеран тхьамданаш‚ цу чохь цаьрга мекарло яйта. Цара-м мекарло ца йо шайна а бен‚ царна хаа ца ло-кх
6:123 -
وَإِذَا جَاءَتْهُمْ آيَةٌ قَالُوا لَنْ نُؤْمِنَ حَتَّىٰ نُؤْتَىٰ مِثْلَ مَا أُوتِيَ رُسُلُ اللَّهِ ۘ اللَّهُ أَعْلَمُ حَيْثُ يَجْعَلُ رِسَالَتَهُ ۗ سَيُصِيبُ الَّذِينَ أَجْرَمُوا صَغَارٌ عِنْدَ اللَّهِ وَعَذَابٌ شَدِيدٌ بِمَا كَانُوا يَمْكُرُونَ
Шайга делил (аят) деъча‚ цара олу: 'Тхо тешар ма дац, Делан элчанашка деънарг саннарг тхайга ца дагӀахь'. Далла дика хаьа Ша элчаналла дала хьакъ верг. Къинош диначарах сийсазалла кхуьур ма ю Далла гергахь‚ чӀогӀа Ӏазап а /кхуьур ду/ шаьш хиларна мекарло еш
6:124 -
فَمَنْ يُرِدِ اللَّهُ أَنْ يَهْدِيَهُ يَشْرَحْ صَدْرَهُ لِلْإِسْلَامِ ۖ وَمَنْ يُرِدْ أَنْ يُضِلَّهُ يَجْعَلْ صَدْرَهُ ضَيِّقًا حَرَجًا كَأَنَّمَا يَصَّعَّدُ فِي السَّمَاءِ ۚ كَذَٰلِكَ يَجْعَلُ اللَّهُ الرِّجْسَ عَلَى الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ
Далла Шена нисван луучунна дог паргӀатдоккху исламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чӀогӀа гатдо, стигла хьалаволучух терра. Иштта хилийтина Дала рижс цатешачарна тӀехь
6:125 -
وَهَٰذَا صِرَاطُ رَبِّكَ مُسْتَقِيمًا ۗ قَدْ فَصَّلْنَا الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَذَّكَّرُونَ
ХӀара бу хьан Кхиош-кхобучун некъ‚ нийса хилла болу. Къаста ма дина Оха аяташ хьехам тӀелоцучу къомана
6:126 -
لَهُمْ دَارُ السَّلَامِ عِنْدَ رَبِّهِمْ ۖ وَهُوَ وَلِيُّهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Царна машаран цӀа ду шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И ву церан доттагӀ уьш хиларна /дика/ Ӏамалш еш
6:127 -
وَيَوْمَ يَحْشُرُهُمْ جَمِيعًا يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ قَدِ اسْتَكْثَرْتُمْ مِنَ الْإِنْسِ ۖ وَقَالَ أَوْلِيَاؤُهُمْ مِنَ الْإِنْسِ رَبَّنَا اسْتَمْتَعَ بَعْضُنَا بِبَعْضٍ وَبَلَغْنَا أَجَلَنَا الَّذِي أَجَّلْتَ لَنَا ۚ قَالَ النَّارُ مَثْوَاكُمْ خَالِدِينَ فِيهَا إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۗ إِنَّ رَبَّكَ حَكِيمٌ عَلِيمٌ
/Хьахаде:/ уьш берриге а гулбечу дийнахь /кхойкхур ду/: 'ХӀай жинийн тоба! Адамех доккха дāкъа схьалаьцна аш (дуккха адамаш тилийна аш)'. Адамех церан доттагӀаша эр ду: 'Тхо Кхиош-кхобуш волу, тхан Дела‚ оха вовшашкара зовкх ийцира‚ Ахь тхуна хӀоттийна йолу тхан Ӏожалла тӀекхечира'. Цо (Дала) элира: '/Жоьжахатин/ цӀе ю шун чугӀойла‚ даима цу чохь лаьтташ‚ Далла ма лиъна'. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву Ша хьукма /нийса/ деш верг а‚ хууш верг а
6:128 -
وَكَذَٰلِكَ نُوَلِّي بَعْضَ الظَّالِمِينَ بَعْضًا بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
Иштта цхьаболчу зуламхошка вуккхеран доладойту Оха цара карадеш хилла долчуьнца
6:129
Гочдар: Магомед Магомедов