Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 130 – 140

  1. يَا مَعْشَرَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ أَلَمْ يَأْتِكُمْ رُسُلٌ مِنْكُمْ يَقُصُّونَ عَلَيْكُمْ آيَاتِي وَيُنْذِرُونَكُمْ لِقَاءَ يَوْمِكُمْ هَٰذَا ۚ قَالُوا شَهِدْنَا عَلَىٰ أَنْفُسِنَا ۖ وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا وَشَهِدُوا عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ أَنَّهُمْ كَانُوا كَافِرِينَ

    'ХӀай жинийн а‚ адамийн а тоба! Шуьга ца баьхкина элчанаш шуна юккъера‚ шуьга дуьйцуш Сан аяташ‚ шуна хьехош (кхерам тасарца) хӀокху шун денна дуьхьалкхетар?' Цара аьр: 'Тхайна тӀехь тешалла дина оха'. Дуьненан дахаро Ӏехийра уьш‚ шайна тӀехь тешалла дира цара, шаьш ца тешаш хилла, аьлла

    6:130
  2. ذَٰلِكَ أَنْ لَمْ يَكُنْ رَبُّكَ مُهْلِكَ الْقُرَىٰ بِظُلْمٍ وَأَهْلُهَا غَافِلُونَ

    Иштта (элчанаш бохуьйтура Оха) хьан Кхиош-кхобург ца хилла дела зуламца ярташ хӀаллакьеш, церан охӀланна а ца хууш

    6:131
  3. وَلِكُلٍّ دَرَجَاتٌ مِمَّا عَمِلُوا ۚ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا يَعْمَلُونَ

    ХӀоранна шен-шен дарж ду‚ ша динчух. Хьан Кхиош-кхобург ма вац тидаме оьцур доцуш цара деш дерг

    6:132
  4. وَرَبُّكَ الْغَنِيُّ ذُو الرَّحْمَةِ ۚ إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَسْتَخْلِفْ مِنْ بَعْدِكُمْ مَا يَشَاءُ كَمَا أَنْشَأَكُمْ مِنْ ذُرِّيَّةِ قَوْمٍ آخَرِينَ

    Хьан Кхиош-кхобург ву /цхьаннех/ ца возуш (халкъ а, цуьнан Ӏибадат а Шена ца хилча а мегаш)‚ къинхетам болуш а. Шена лаахь, шу хллакдийр ду Цо. Шул тӀаьхьа Шена луург вуьтур ву‚ шу а Цо кхиийна хиларе терра кхечу къоман зуьрретах

    6:133
  5. إِنَّ مَا تُوعَدُونَ لَآتٍ ۖ وَمَا أَنْتُمْ بِمُعْجِزِينَ

    Баккъалла а, шуна хир ду аьлларг догӀур долуш ду шуна‚ шун ницкъ кхочур ма бац и гӀелдан (и духатоха)

    6:134
  6. قُلْ يَا قَوْمِ اعْمَلُوا عَلَىٰ مَكَانَتِكُمْ إِنِّي عَامِلٌ ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ مَنْ تَكُونُ لَهُ عَاقِبَةُ الدَّارِ ۗ إِنَّهُ لَا يُفْلِحُ الظَّالِمُونَ

    Ахь āла: 'ХӀай сан къам! Шайн Ӏамал е аш шайн меттигашкахь‚ аса а йийр ю сайн Ӏамал‚ тӀаьхьа хуур ду шуна‚ хьенан хир ю цӀийнан тӀаьхье (эхарт). Баккъалла а‚ баккхийбийр ма бац зуламхой'

    6:135
  7. وَجَعَلُوا لِلَّهِ مِمَّا ذَرَأَ مِنَ الْحَرْثِ وَالْأَنْعَامِ نَصِيبًا فَقَالُوا هَٰذَا لِلَّهِ بِزَعْمِهِمْ وَهَٰذَا لِشُرَكَائِنَا ۖ فَمَا كَانَ لِشُرَكَائِهِمْ فَلَا يَصِلُ إِلَى اللَّهِ ۖ وَمَا كَانَ لِلَّهِ فَهُوَ يَصِلُ إِلَىٰ شُرَكَائِهِمْ ۗ سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ

    Цара дира Далла Цо кхоьллинчу ялтех а‚ бежанех а дāкъа‚ элира (цара) 'ХӀара Далла ду' – царна моттарехь – 'хӀара вайн накъосташна ду'. Церан накъосташна хилларг Дēле ца кхочу‚ Далла хилларг церан накъосташка кхочу – ма вон хилла цара деш долу хьукма

    6:136
  8. وَكَذَٰلِكَ زَيَّنَ لِكَثِيرٍ مِنَ الْمُشْرِكِينَ قَتْلَ أَوْلَادِهِمْ شُرَكَاؤُهُمْ لِيُرْدُوهُمْ وَلِيَلْبِسُوا عَلَيْهِمْ دِينَهُمْ ۖ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا فَعَلُوهُ ۖ فَذَرْهُمْ وَمَا يَفْتَرُونَ

    Иштта хаздира дукхаболчу мушрикашна церан накъосташа – жинаша шайн бераш дайар (зудабераш, дийна долуш, лаьттах дохкар), уьш хӀаллакбархьама а‚ царна шайн (ИсмаӀилера схьадогӀуш хилла долу) дин дохадайтархьама а. Далла лиъна хиллехьара, и дийр дацара цара‚ бита уьш а‚ цара /харц/ кхуллург а

    6:137
  9. وَقَالُوا هَٰذِهِ أَنْعَامٌ وَحَرْثٌ حِجْرٌ لَا يَطْعَمُهَا إِلَّا مَنْ نَشَاءُ بِزَعْمِهِمْ وَأَنْعَامٌ حُرِّمَتْ ظُهُورُهَا وَأَنْعَامٌ لَا يَذْكُرُونَ اسْمَ اللَّهِ عَلَيْهَا افْتِرَاءً عَلَيْهِ ۚ سَيَجْزِيهِمْ بِمَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    /Мушрикаша/ элира: 'ХӀара даьхни а‚ ялта а хьарам ду‚ и дуур дац вайна луъчо бен'‚ – иштта довдора цара‚ даьхни ду шайна тӀехаар хьарам долуш /царна моттарехь/‚ даьхни ду цара шайна тӀехь Делан цӀе ца йоккхуш Цунна тӀехь харцдерг кхоллархьама. ТӀаккха бекхам бийр бу Цо царна цара /харцдерг/ тӀекхуллуш хиларна

    6:138
  10. وَقَالُوا مَا فِي بُطُونِ هَٰذِهِ الْأَنْعَامِ خَالِصَةٌ لِذُكُورِنَا وَمُحَرَّمٌ عَلَىٰ أَزْوَاجِنَا ۖ وَإِنْ يَكُنْ مَيْتَةً فَهُمْ فِيهِ شُرَكَاءُ ۚ سَيَجْزِيهِمْ وَصْفَهُمْ ۚ إِنَّهُ حَكِيمٌ عَلِيمٌ

    Цара элира: 'ХӀокху бежанийн гай чохь дерг цӀена ду вайн божаршна‚ хьарам ду вайн зударшна. Нагахь санна елла дуьнена ялахь – уьш цу чохь /цхьанийсса/ декъахой бу'. Цо (Дала) бекхам бийр бу царна шаьш кхуллуш долчунна тӀехь. Баккъалла а, И хьикмате а ву /Ша дечу хманехь/‚ девзаш а ву /Шен халкъ/

    6:139
  11. قَدْ خَسِرَ الَّذِينَ قَتَلُوا أَوْلَادَهُمْ سَفَهًا بِغَيْرِ عِلْمٍ وَحَرَّمُوا مَا رَزَقَهُمُ اللَّهُ افْتِرَاءً عَلَى اللَّهِ ۚ قَدْ ضَلُّوا وَمَا كَانُوا مُهْتَدِينَ

    Эшаллехь биси Ӏовдаллалица‚ хууш хӀума а доцуш‚ шайн бераш хӀаллакбинарш‚ Дала шайна делла рицкъ шайна хьарамдинарш, Далла тӀе харцдерг кхоллархьама. Тилабелла уьш‚ нийсачу новкъахь хила а ца хилла уьш

    6:140

Гочдар: Магомед Магомедов