Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 138 – 139

  1. وَقَالُوا هَٰذِهِ أَنْعَامٌ وَحَرْثٌ حِجْرٌ لَا يَطْعَمُهَا إِلَّا مَنْ نَشَاءُ بِزَعْمِهِمْ وَأَنْعَامٌ حُرِّمَتْ ظُهُورُهَا وَأَنْعَامٌ لَا يَذْكُرُونَ اسْمَ اللَّهِ عَلَيْهَا افْتِرَاءً عَلَيْهِ ۚ سَيَجْزِيهِمْ بِمَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    /Мушрикаша/ элира: 'ХӀара даьхни а‚ ялта а хьарам ду‚ и дуур дац вайна луъчо бен'‚ – иштта довдора цара‚ даьхни ду шайна тӀехаар хьарам долуш /царна моттарехь/‚ даьхни ду цара шайна тӀехь Делан цӀе ца йоккхуш Цунна тӀехь харцдерг кхоллархьама. ТӀаккха бекхам бийр бу Цо царна цара /харцдерг/ тӀекхуллуш хиларна

    6:138
  2. وَقَالُوا مَا فِي بُطُونِ هَٰذِهِ الْأَنْعَامِ خَالِصَةٌ لِذُكُورِنَا وَمُحَرَّمٌ عَلَىٰ أَزْوَاجِنَا ۖ وَإِنْ يَكُنْ مَيْتَةً فَهُمْ فِيهِ شُرَكَاءُ ۚ سَيَجْزِيهِمْ وَصْفَهُمْ ۚ إِنَّهُ حَكِيمٌ عَلِيمٌ

    Цара элира: 'ХӀокху бежанийн гай чохь дерг цӀена ду вайн божаршна‚ хьарам ду вайн зударшна. Нагахь санна елла дуьнена ялахь – уьш цу чохь /цхьанийсса/ декъахой бу'. Цо (Дала) бекхам бийр бу царна шаьш кхуллуш долчунна тӀехь. Баккъалла а, И хьикмате а ву /Ша дечу хманехь/‚ девзаш а ву /Шен халкъ/

    6:139

Гочдар: Магомед Магомедов