Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 141 – 144
-
وَهُوَ الَّذِي أَنْشَأَ جَنَّاتٍ مَعْرُوشَاتٍ وَغَيْرَ مَعْرُوشَاتٍ وَالنَّخْلَ وَالزَّرْعَ مُخْتَلِفًا أُكُلُهُ وَالزَّيْتُونَ وَالرُّمَّانَ مُتَشَابِهًا وَغَيْرَ مُتَشَابِهٍ ۚ كُلُوا مِنْ ثَمَرِهِ إِذَا أَثْمَرَ وَآتُوا حَقَّهُ يَوْمَ حَصَادِهِ ۖ وَلَا تُسْرِفُوا ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْرِفِينَ
И ву кхиийнарг бошмаш‚ кхозуш йолу а‚ кхозуш йоцу а‚ хурманаш а‚ ораматаш а‚ шайн даар башха долуш‚ зайт-дитт а‚ нар а – тера йолу а‚ тера йоцу а. Баа церан стоьмаш, уьш кхиъча‚ ялта чудерзочу дийнахь цуьнан хьакъ (закат) дӀало. Кхоам ца беш ма дайа /шайгахь дерг/. Баккъалла а, Цунна ца беза хӀуманан кхоам ца беш берш
6:141 -
وَمِنَ الْأَنْعَامِ حَمُولَةً وَفَرْشًا ۚ كُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ وَلَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ
Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кӀеда мотт хуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тӀаьхьа ма хӀитта шайтӀанан гӀулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагӀ ма ду
6:142 -
ثَمَانِيَةَ أَزْوَاجٍ ۖ مِنَ الضَّأْنِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْمَعْزِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنْثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنْثَيَيْنِ ۖ نَبِّئُونِي بِعِلْمٍ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
/Схьаэца/ бархӀ боьршаниг а‚ стēниг а: уьстагӀех а шишша‚ гезарех а шиша. Āлал (хаттал цаьрга): 'Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо (Дала) я стēниг шиъ дина‚ я шиннан а стечийн кийрахь дерг дина? Дийцал суна Ӏилманца‚ шаьш бакълуьйш хиллехь'
6:143 -
وَمِنَ الْإِبِلِ اثْنَيْنِ وَمِنَ الْبَقَرِ اثْنَيْنِ ۗ قُلْ آلذَّكَرَيْنِ حَرَّمَ أَمِ الْأُنْثَيَيْنِ أَمَّا اشْتَمَلَتْ عَلَيْهِ أَرْحَامُ الْأُنْثَيَيْنِ ۖ أَمْ كُنْتُمْ شُهَدَاءَ إِذْ وَصَّاكُمُ اللَّهُ بِهَٰذَا ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا لِيُضِلَّ النَّاسَ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Эмкалех шиъ‚ бежнех шиъ – āлал /хӀинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стēниг дина‚ я шиннан а стēчийн кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш (дāкъа лоцуш) Дала шуна цуьнца весет деш?' Мила хир ву зуламе Далла тӀе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Ӏилма доццушехь? Баккъалла а, Дала ца нисдо зуламе къам
6:144
Гочдар: Магомед Магомедов