Сурат 6 Аль-анӀам (АнӀам), аят 145 – 150

  1. قُلْ لَا أَجِدُ فِي مَا أُوحِيَ إِلَيَّ مُحَرَّمًا عَلَىٰ طَاعِمٍ يَطْعَمُهُ إِلَّا أَنْ يَكُونَ مَيْتَةً أَوْ دَمًا مَسْفُوحًا أَوْ لَحْمَ خِنْزِيرٍ فَإِنَّهُ رِجْسٌ أَوْ فِسْقًا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ ۚ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَإِنَّ رَبَّكَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Ахь āла: 'Суна ца карадо сайга даийтинчу ваьхьашкахь дуучунна даа хьарам динарг къеделларг доцург‚ я Ӏенаш долу цӀий доцург, я хьакхин жижиг доцург‚ – тӀаккха и рижс ю, – я шена тӀехь/урс хьокхуш/ Дела воцчун цӀе яьккхина цӀена йоцу хӀума йоцург. ТӀкъа шена ницкъ бахь /мацалло/‚ къинах ларлуш‚ /Делан/ дозанах а ца волуш – /юур ю цо хьарамниг/. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гечдеш верг ма ву‚ къинхетаме верг а ма ву

    6:145
  2. وَعَلَى الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا كُلَّ ذِي ظُفُرٍ ۖ وَمِنَ الْبَقَرِ وَالْغَنَمِ حَرَّمْنَا عَلَيْهِمْ شُحُومَهُمَا إِلَّا مَا حَمَلَتْ ظُهُورُهُمَا أَوِ الْحَوَايَا أَوْ مَا اخْتَلَطَ بِعَظْمٍ ۚ ذَٰلِكَ جَزَيْنَاهُمْ بِبَغْيِهِمْ ۖ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ

    Жуьгташна хьарам ма дира Оха массо а (екъаелла) берг йолу /дийнат/. Хьелех а‚ уьстагӀех а, - Оха хьарам йира царна оцеран мохь, шайн букъах‚ я чокох летт йоцург‚ я даьӀахках ийнарг йоцург. И бекхам бира Оха царна уьш тилбалар бахьанехь. Баккъалла а, тхо бакъ ду /Тхан хьукмашкахь./

    6:146
  3. فَإِنْ كَذَّبُوكَ فَقُلْ رَبُّكُمْ ذُو رَحْمَةٍ وَاسِعَةٍ وَلَا يُرَدُّ بَأْسُهُ عَنِ الْقَوْمِ الْمُجْرِمِينَ

    Хьо цара харцвахь‚ āла: 'Шун Кхиош-кхобург ву шортта къинхетам болуш‚ бухатохалур бац Цуьнан ницкъ къинош дечу къомах'

    6:147
  4. سَيَقُولُ الَّذِينَ أَشْرَكُوا لَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا أَشْرَكْنَا وَلَا آبَاؤُنَا وَلَا حَرَّمْنَا مِنْ شَيْءٍ ۚ كَذَٰلِكَ كَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ حَتَّىٰ ذَاقُوا بَأْسَنَا ۗ قُلْ هَلْ عِنْدَكُمْ مِنْ عِلْمٍ فَتُخْرِجُوهُ لَنَا ۖ إِنْ تَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَإِنْ أَنْتُمْ إِلَّا تَخْرُصُونَ

    Делаца накъост лаьцначара эр ду: 'Далла лиънехьара, Делаца накъост лоцур вацара оха а‚ тхан дайша а‚ хӀумма а хьарам дийр дацара оха'. Иштта харцдира /дин/ царал хьалха хиллачара а тхан ницкъ Ӏовшшалц. Āлал (хаттал цаьрга): 'Шуьгахь дуй Ӏилма? Делахь, аш и тхуна гучудаккха. Шу тӀаьхьахӀуьттуш ма дац моттаргӀашна а бен‚ шу ма дац харцлуьйш а бен '

    6:148
  5. قُلْ فَلِلَّهِ الْحُجَّةُ الْبَالِغَةُ ۖ فَلَوْ شَاءَ لَهَدَاكُمْ أَجْمَعِينَ

    Āла: 'Делехь ду кхоччуш делил. Лиънехьара, шу дерриге а нисдийр дара Цо'

    6:149
  6. قُلْ هَلُمَّ شُهَدَاءَكُمُ الَّذِينَ يَشْهَدُونَ أَنَّ اللَّهَ حَرَّمَ هَٰذَا ۖ فَإِنْ شَهِدُوا فَلَا تَشْهَدْ مَعَهُمْ ۚ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ وَهُمْ بِرَبِّهِمْ يَعْدِلُونَ

    Āла: 'Балабе шайн тешаш‚ шаьш тешалла дийр долу‚ Дала и хьарам дина'‚ аьлла. Цара тешалла дахь‚ ахь ма делахь царца тешалла. Хьо тӀаьхьа ма хӀотталахь Тхан аяташ харцдиначеран а‚ эхартах цатешачеран а лааршна – уьш бу шайн Кхиош-кхобучуьнца /кхин накъостий/ нисбеш (мушрикаш)

    6:150

Гочдар: Магомед Магомедов